‏ Psalms 107

МостагӀашна дуьхьал гӀо доьхуш долу доӀа

(Забур 56:8-12; 59:7-14)

1
Корта 107 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 108.
Даудан назма.
2Сан дог Хьох тешна ду, Дела,
ас Хьуна иллеш эр ду,
дерриг а сайн синца Хьуна хастам бийр бу.
3Самабала, мерз-пондар!
ГӀатта, Ӏад хьокху пондар!
Малх самабоккхур бу ас!
4Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву,
Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
5Стигала кхаччалц бу Хьан безам,
мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.

6Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7Хьайн аьтту куьйгаца тхо кӀелхьар а дахахьа,
оха дина доӀа дӀа а хазахьа,
Хьайна безнарш паргӀатбовлийтархьама.

8Дала Шен езачу меттехь аьлла: «Толамах воккха а веш,
Аса Шехем-гӀала а йоькъур ю, Сакхат-тогӀи а дӀасайоькъур ю.
9ГалӀад-мохк а Сан бу, Маннаш-мохк а Сан бу,
Эпрайм-мохк Сан коьртан чӀагӀо ю,
ЯхӀуд-мохк – Сан паччахьаллин гӀаж ю.
10Муаби-мохк – Сан юьхь-куьгдуьлург ю.
Эдом-махкана тӀе Сайн мача кхуссур ю Ас,
иза Сайн хилар дӀагайтархьама.
ПӀелаштамхошна тӀехь толам баккхарна мохь беттар бу Аса».

11ЧӀагӀйинчу гӀали чу хьан воккхур ву со?
Эдом-махкана тӀе хьан вуьгур ву со?
12Тхо дӀатеснарг Хьо-м вац те, ва Дела?
Тхан эскаршца аравер вац те Хьо, ва Дела?
13ГӀо дехьа тхуна мостагӀех тхаьш лардайта,
хӀунда аьлча пайден дац адамашкара хуьлуш долу гӀо.
14Делаца цхьаьна оха толам боккхур бу,
тхан мостагӀий Цо дӀахьошур бу.
Copyright information for CheCAC2012