‏ Psalms 11

Деле гӀо дар доьхуш дина доӀа

1
Назма 11 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 12.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма бархӀ мерз болчу пондарца ала еза.
2КӀелхьарваккхахьа со, Веза Эла!
Цхьа а суьпаниг ца висна-кх,
адамашна юкъахь тешаменаш а бац-кх.
3ХӀораммо а шен уллорачуьнга харцдерг дуьйцу.
Шайн мекарчу меттанашца цара шалхо лелайо.

4Ва Веза Эла! Дерриге а мекара меттанаш хедадехьа!
Дозаллех юьзна хӀорра а бага дӀакъовлахьа!
5Цара олу: «Тхайн меттанашца ларор ду тхо,
хӀара баганаш тхан ю. Мила вер вара тхо совцо?»

6Везачу Эло боху:
«ГӀоттур ву Со мискачара хьоьгучу Ӏазапан дуьхьа а,
къечара дечу узарийн дуьхьа а.
Цара лоьху кӀелхьардовлар лур ду Аса царна».

7Везачу Элан дешнаш – цӀена дешнаш ду.
Кхерча диллина долу, ворхӀазза
дахчийна дети санна уьш ду.

8Веза Эла, гуттаренна а лардехьа тхо,
оцу вочу нахах тхо гена а дохуш.
9Гонах массанхьа а Ӏесанаш лела,
массара а зуламениг хесточу хенахь.
Copyright information for CheCAC2012