‏ Psalms 111

Веза Эла лоручун абат

1
Корта 111 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 112.
Везачу Элана бу хастам!

А лсам
ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
декъала ву Везачу Элана хьалха ларамах вуьзна верг,
баккъалла а Цуьнан парзаш кхочушдарх дезар оьцуш верг.
2 В уно ницкъ болуш хир ду цуьнан бераш шайн махкахь.
Гуттар декъалйина хир ю дог цӀена йолу цуьнан тӀаьхье.
3 Д у цуьнан хӀусамехь хьал, иштта шорто а хир ю,
ерриг а ханна цуьнан нийсо дагалоцуш а хир ю.

4 З Ӏенарша боданехь а серло ло догцӀена болчарна а,
иштта дика а, къинхетаме а, нийса а болчарна а.
5 К омаьршаллица ахча юхалург луш волчунна дика хир ду,
ларамца хьанал гӀуллакхаш лелош верг ирсе хир ву.
6 М еттахваккхалур вац иштта волу стаг цкъа а.
Нийса лелаш верг даим а дагахь лаьттар ву.

7 О рца доккхуш болчу вочу кхаьънех иза кхоьрур вац.
Пайда эцарца Везачу Элах а тешаш, цуьнан дог чӀагӀлур ду.
8 Р еза хиларца а, кхерам боцуш а, цуьнан дог чӀогӀа лаьттар ду,
са шен кӀелхьар а даьккхина, эшийначу мостагӀашка хьоьжур ву.
9 c Т оам боллуш дӀало цо мискачу нахана,
ур-атталла абаденналц а лаьтта цуьнан нийсо.
ХӀуттур бу цуьнан ницкъ сийлаллица.
10 Ц у суьрте хьоьжуш волу Ӏесаниг оьгӀазгӀур ву,
шен цергаш а хьекхош, иза къайлавер ма ву.
Ӏесачеран лаамаш хӀаллакьхир бу.
Copyright information for CheCAC2012