Psalms 115
Везачу Эло дина диканаш бахьана долуш Цунна делла дош
1 a ▼▼ Корта 115 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 116:10-19.
Со тешара, Аса аьллехь а ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Со тешара, Аса аьллехь а. Грекийн гочдар тӀехь: Со тешаш хиларна, со вистхилира.
:«Со чӀогӀа дог доьхна ву».
2ТӀех сиха ас элира:
«Муьлхха а стаг харцлуьйш ву».
3ХӀун юхалур ю ас Везачу Элана
Цо суна мел динчу диканна дуьхьал?
4Со кӀелхьарваьлла хилар дага а лоцуш,
Ас чагӀаран кад хьалаойур бу,
доӀанца со Везачу Эле кхойкхур а ву.
5Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана
дерриг а Цуьнан халкъана хьалха.
6Мехала ду Везачу Элан бӀаьргашна хьалха
Цуьнан долахь болчех цхьаъ валар!
7Ва Веза Эла! Со Хьан лай ву,
со Хьан гӀарбаш йолчун кӀант ву.
Ахьа паргӀатваьккхина со сайн буржалех.
8Ас баркаллин сагӀа Хьуна доккхур ду,
иштта доӀанца Везачу Эле кхойкхур ву.
9Ас кхочушдийр ду сайн нигаташ Везачу Элана а,
дерриг а Цуьнан халкъана а хьалха,
10Везачу Элан цӀийнан керташкахь,
хьуна юккъехь, ва Ярушалайм-гӀала!
Везачу Элана бу хастам!
Copyright information for
CheCAC2012