a Арадаккхар 16:34; 2 Шерашкахь 5:13; 7:3; Ӏезар 3:11; Забур 99:5; 105:1; 106:1; 135:1; Ярми-ЯхӀу 33:11.
d Арадаккхар 15:2; ЕшаӀ-ЯхӀу 12:2.
Psalms 117
Толам баккхарна дина баркаллин доӀа
1 a ▼▼ Корта 117 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 118.
Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а,Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.
2Исраилан халкъо хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
3АхӀаронан тӀаьхьено хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
4Цунна хьалха ларамах буьзначара хӀинца олийла:
«Цуьнан хедар боцу безам абаденналц бу».
5Саготта волу со Везачу Эле кхайкхира,
Цо, дӀа а хезна, синпаргӀатоне со ваьккхира.
6 cВеза Эла соьца ма ву,
со цхьана а хӀуманах кхоьрур вац.
ХӀун дийр дара суна стага?
7Веза Эла соьца ву, Иза сан гӀоьнча ву:
со сан мостагӀашка толамца хьожур ву.
8Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду,
адамех тешна хуьлучул.
9Везачу Эле ша ларвайтар гӀоле ду,
элех тешна хуьлучул.
10Дуккха а къаьмнаш суна гонах девллера,
амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
11Цара суна массо а маьӀӀера го бинера,
амма Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
12Накхармозийн жӀугано санна, суна го бинера цара,
амма чах яьлла цӀе санна, уьш сихха дӀабайира.
Везачу Элан цӀарца ас уьш эшийра.
13Со чӀоггӀа дӀатеттира, охьавожийта,
амма Везачу Эло суна гӀо дира.
14 dВеза Эла сан ницкъ бу,
Цуьнан дуьхьа ас йиш локху,
Цо со кӀелхьарваьккхина дела.
15Делан нехан хӀусамашкахь хезаш ду
самукъане а, толаман а маьхьарий:
«Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!
16Везачу Элан куьг лекха хьалаайина ду,
Везачу Элан аьтту куьйго толам боккху!»
17Со лийр вац, амма вехар ву,
Везачу Элан гӀуллакхех лаьцна дуьйцур ду.
18Луьра таӀзар дина суна Везачу Эло,
амма Ӏожалле Цо со дӀа ца кховдийна.
19Схьаделлийша суна Делан лаамехь берш чубовлу кевнаш!
Делан цӀийнан керта а ваьлла, ас Везачу Элана хастамаш бийр бу!
20ХӀара ков Везачу Элан ков ду.
Цу чу Делан лаамехь берш гӀур бу.
21Хастам бо ас Хьуна, Веза Эла,
со дӀа а хезна, Ахь со кӀелхьарваккхарна.
22 e fГӀишло ечу пхьераша дӀакхоьссина тӀулг
цӀийнан сонан йистехь, коьрта тӀулг хилла, дӀахӀоьттина.
23Иза Везачу Эло дина ду,
вайна гергахь и чӀогӀа инзаре а ду.
24ХӀара де – Везачу Эло кхочушбина болх бу.
Цунах даккхий а деш, самукъане хила вай!
25 gВа Веза Эла, кӀелхьардахахьа тхо!
Аьтто а бехьа тхан, Веза Эла!
26 hДекъал хуьлда Везачу Элан цӀарах вогӀуш верг!
Везачу Элан цӀа чуьра оха шу декъалдо.
27Веза Эла ву Дела,
Цо Шен серло тхуна тӀе хьажийна.
Гаьннаш куьйга а лаьцна, даздан дуьйлалойша,
сагӀа доккхучу кхерчана гонах халхарш дейша ▼
▼Ӏебархойн меттан тептар иштта а кхета мега: Даздаран сагӀин дийнат дӀадехка тӀийрагашца сагӀа доккхучу кхерчан маӀашна уллохь.
.28Хьо сан Дела ву, ткъа ас хастамаш бийр бу Хьуна.
Хьо сан Дела ву, ткъа ас вазвийр ву Хьо.
Хастамаш бе Везачу Элана, Иза дика хиларна а,
Цуьнан хедар боцу безам абаденналц хиларна а.
29
Copyright information for
CheCAC2012