‏ Psalms 120

Веза Эла тхо лардеш верг ву

1
Корта 120 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 121.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ас сайн бӀаьргаш лаьмнаш долчу дӀахьажабо,
сайна гӀо стенгара схьакхочур ду а хоьттуш.
2ГӀо Везачу Элера хир ду суна,
стигал а, латта а кхоьллина волчу.

3Хьан ког тасаболуьйтур а бац Цо,
сема а хир ву хьо ларвеш Верг.

4Сема а ву, вижина а вац
Исраилан халкъ лардеш Верг.
5Веза Эла хьо ларвеш Верг ву.
Веза Эла хьан аьтту куьг долчу
агӀонгахь долу ӀиндагӀ ду.
6Я дийнахь кхеттачу малхо а,
я буса кхеттачу батто а
хьуна цатам бийр бац.

7Везачу Эло массо а бохамах ларвийр ву хьо,
хьан са лардийр ду Везачу Эло.
8Хьо воьдуш-вогӀуш массанхьа а
Везачу Эло ларвийр ву хьо
хӀинца дуьйна абаденналц.
Copyright information for CheCAC2012