Psalms 121
Ярушалайм хастаяр
1 ▼▼ Корта 121 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 122.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Воккхавеш вара со, сайга аьлча:«Везачу Элан цӀийнан керта гӀо вай».
2Хьан кевнашкахула а бевлла,
тхан когаш лаьтташ бу, Ярушалайм
3Дика цхьаьнатоьхна йина гӀала санна,
чӀагӀйина лаьтташ ю Ярушалайм.
4Везачу Элан долахь долу исраилхойн тайпанаш
хьаладогӀуш йолу меттиг а циггахь ю.
Исраилан халкъана бакъо елла ю
Везачу Элан цӀарна цигахь хастамаш бан.
5Цигара нийса кхел ярца паччахьалла деш ду,
Даудан цӀийнан паччахьан гӀант цигахь лаьтташ ду.
6Деле бехийша Ярушалаймана машар:
«Маьршачу меттехь хуьлийла хьо езаш берш!
7Машар лаьттийла хьан пенашна юкъахь,
сашорте лаьттийла хьан гӀепашна чохь!»
8Сайн гергарчеран а, уллорачеран а дуьхьа
ас эр ду: «Машар хуьлийла хьуна чохь!»
9Вайн Везачу Делан цӀийнан дуьхьа
хьуна диканиг хуьлийла доьху ас.
Copyright information for
CheCAC2012