Psalms 123
Дела Шен халкъехьа ГӀодоккхург ву
1 ▼▼ Корта 123 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 124.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Олийла Исраилан халкъо: «Нагахь Веза Эла вайца ца хиллехь,2мостагӀий тӀелеттачу хенахь, Иза вайца ца хиллехь,
хӀун хилла хир дара те вайх?
3Шаьш дарбеллачу хенахь
мостагӀаша вай дийна доллушехь дӀакхоллур дара-кх.
4Дистина тӀедогӀучу хино санна,
бухадохуьйтур дара-кх цара вай.
5Карзахдаьлла долчу хино санна,
бухадохуьйтур дара-кх цара вай».
6Декъала ву вай мостагӀашка
хӀаллак ца дайтина волу Веза Эла!
7РечӀанах кӀелхьардовлу олхазарш санна,
кӀелхьардевлла вайн синош.
И речӀа хада а еш,
вай дӀасадевдда.
8Везачу Элера ду вайна гӀо –
Иза стигалш а, латта а Кхоьллинарг ма ву.
Copyright information for
CheCAC2012