Psalms 124
Делан халкъ маьршонехь хилар
1 ▼▼ Корта 124 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 125.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Элах тешаш верг Цийон-лам санна ву.Иза меттах а бер бац, массо а ханна лаьттар а бу.
2Лаьмнаша Ярушалаймана го баре терра,
Веза Эла Шен халкъана гонах ву,
хӀинца дуьйна массо тӀейогӀучу ханна.
3Ӏесачу наха суьпачу нехан лаьтта тӀехь
куьйгалла дар даим дуьсур дац,
суьпачу нахе шайн куьйгаш
зулам дарна тӀе ца кховдадайтархьама.
4Диканиг дехьа, Веза Эла, дикачарна –
цӀена дегнаш долуш болчарна.
5Амма харц новкъа бевллачарна –
Везачу Эло таӀзар дойла
харцонаш лелочаьрца цхьаьна.
Исраилна тӀехь машар хуьлийла!
Copyright information for
CheCAC2012