‏ Psalms 125

КӀелхьардовларх лаьцна доӀа

1
Корта 125 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 126.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Везачу Эло Цийон юхаметтахӀоттийча,
тхо гӀенах лелаш санна дара.
2Цу заманахь тхо синкъераме доьлуш дара,
тхан аьзнаш даккхийдерах дуьзна а дара.
Цу хенахь кхечу къаьмнашна юкъахь олуш дара:
«Оцу халкъан дуьхьа Везачу Эло сийлахь гӀуллакхаш дина!»
3Сийлахь хӀуманаш Везачу Эло тхан дуьхьа дина,
цундела тхо сакъералуш дара.

4КхидӀа а юхаметтахӀиттадехьа тхо, Веза Эла,
якъаеллачу аренгахь Ӏовраш хецар санна.
5БӀаьрхишца латта дӀадийначо
самукъадаларца ялта хьокхур ду.

6Белхарца хӀу эцна кха тӀе воьдуш верг
самукъадаларца шен цӀевнаш дахьаш юхавоьрзур ву.
Copyright information for CheCAC2012