‏ Psalms 126

Декъала ду Делан дика

1
Корта 126 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 127.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Сулим-паччахьан назма. Нагахь цӀа Везачу Эло Ша дойтуш дацахь,
иза дечара эрна къахьоьгу,
нагахь Везачу Эло гӀала ларъеш яцахь,
гӀаролан сема хилар эрна ду.
2Эрна ду шун хьалххе хьалагӀовттар а,
хан яллалц Ӏар а,
хьацарца даьккхина бепиг даар а.
И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, иза вижина Ӏуьллушехь
И дерриг а Везачу Эло Шена везачунна ло, и вижина Ӏуьллушехь – Грекийн маттера гочдар: цу хенахь Шена везачунна Везачу Эло наб ло.
.

3Бераш Везачу Элан тӀаьхье ю,
уьш Цо делла совгӀат ду.
4ТӀемалочун карахь долу пхерчий санна бу
ден къоначу хенахь бина болу кӀентий.
5Ирс долуш ву цаьрца шен Ӏад-ботт хьалаюьзнарг!
Иза юьхьӀаьржачу хӀуттур вац кевнехь ша мостагӀашца къамел дечу хенахь.
Copyright information for CheCAC2012