‏ Psalms 127

Везачу Элах кхоьручарна хуьлу ял

1
Корта 127 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 128.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. Ирс долуш ву, Делах а кхоьруш,
Цуьнан некъашца лелаш волу стаг!

2Шен куьйган къинхьегамца даьккхинчух вахалур ву иза,
ирс долуш а, беркате а хир ву иза.
3ТӀаккха цуьнан цӀа чуьра цуьнан зуда а хир ю,
стом луш йолу кемсийн таьлланг санна.
Оцу стага дӀадоьгӀначу зайт-диттан гаьннаш санна,
цуьнан бераш а хир ду цуьнан шуьнна гонах.
4Иштта декъал хир ву
Везачу Элах кхоьруш волу стаг!

5Цийон-лам тӀера
Цийон-лам – иза шена тӀехь Ярушалайм-гӀала дӀахӀоттийна болу жуьгтийн сийлахь-беза лам бу.
Везачу Эло декъалвойла иза.
Ярушалайм-гӀалин заза даккхар гойла цунна
массо а цуьнан дахаран деношкахь.
6Шен берийн бераш а гойла цунна.

Машар лаьттийла Исраил-махкахь!
Copyright information for CheCAC2012