Psalms 129
ГӀо дар доьху доӀа
1 ▼▼ Корта 129 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 130.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу назма. КӀоргенера кхойкху ас Хьоьга, Веза Эла.2Веза Эла! ДӀахазахьа сан аз.
Суна къинхетам баран дехаре
ладугӀуш хуьлийла Хьан лергаш.
3Нагахь Ахь, Веза Эла,
къинош дӀаяздеш хилча,
ва Хьалдолу Эла,
мила латталур ву те?
4Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела,
Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта.
5Везачу Эле хьоьжуш ву со
сан са Цуьнга хьоьжуш ду.
Цуьнан дашах тешна ву со.
6Сан са Везачу Эле хьоьжу,
ха деш берш Ӏуьйрене хьоьжучул сов,
уьш Ӏуьйре тӀекхачаре хьоьжучул сов.
7Ва Исраилан халкъ, Везачу Элах дегайовхо йолуш хуьлийла хьо,
хӀунда аьлча Везачу Элехь хедар боцу безам бу,
Иза массо а хенахь нах паргӀатбаха лууш ву.
8 bМассо а ша летийначу къинойх
Исраилан халкъ Цо паргӀатдоккхур ма ду.
Copyright information for
CheCAC2012