‏ Psalms 133

Везачу Элана хастам баре кхайкхар

1
Корта 133 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 134.
Делан цӀийне хьалаволучу новкъахь олу Даудан назма. Дуьло, Везачу Элана хастамаш бейша, Везачу Элан массо а ялхой,
буьйсанна Везачу Элан цӀийнан кертахь Цунна гӀуллакхаш деш болу.
2Делан цӀийне куьйгаш а кховдадай,
Везачу Элана хастамаш бейша.

3Стигалш а, латта а кхоьллинчу Везачу Эло
Цийон-лам тӀера хьо декъалвойла!
Copyright information for CheCAC2012