b Забур 113:12-16; Довзийтинарг 9:20.
Psalms 134
Хастаман назма
1 ▼▼ Корта 134 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 135.
Везачу Элана бу хастам!Хастаейша Везачу Элан цӀе,
хастаейша иза, Везачу Элан ялхой,
2Везачу Элан цӀенна уллохь гӀуллакх деш болу,
вайн Делан цӀийнан керташкахь лаьтташ болу.
3Хаставейша Веза Эла, хӀунда аьлча Веза Эла дика ву.
Цуьнан цӀарна эшарш лакхийша, хӀунда аьлча иза дагна тамехь ду.
4Везачу Эло Шена Якъубан тӀаьхье хаьржина,
Исраилан халкъ Цо Шен дола даьккхина.
5Суна хиъна Веза Эла сийлахь вуйла,
вайн Веза Эла массо а деланел лакхара вуйла.
6Везачу Эло Шена луъург до
стигалшкахь а, лаьтта тӀехь а,
хӀордашкахь а, массо а хин кӀоргенашкахь а.
7Цо дуьненан йистошкара мархаш гӀиттайо,
догӀа догӀуш стелахаьштигаш тухуьйту,
Шен хӀума дӀаюьллучу меттера мох арабоккху.
8Мисар-махкара хьалха дуьнен чу девлларш хӀаллакдина Цо –
хьалха дуьнен чу бевлла кӀентий а, хьалха хилла дийнаташ а.
9Хьо болчохь, Мисар-мохк, Цо
тамашийна билгалонаш а гайтина,
инзаре хӀуманаш пирӀунна а,
массо а цунна уллорачарна а тӀехецна.
10Цо дуккха а къаьмнаш эшийна,
андий паччахьаш хӀаллакбина:
11эмархойн паччахь Сихьон а,
Башанан паччахь ӀовгӀа а,
канаӀанхойн массо а паччахьаш а.
12Церан латта Шен халкъана, исраилхошна,
тӀаьхьалонна дӀаделла Цо.
13Веза Эла, Хьан цӀе гуттаренна ю.
Веза Эла, Хьо тӀаьхьенашкара тӀаьхьенийн а дагахь ву.
14ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъ бехказадоккхур ду,
Шена гӀуллакх дечарах Цо къинхетам бийр бу.
15 bКхечу къаьмнийн деланаш детих а, деших а бина бу,
уьш адамийн куьйгашца бина болу цӀуш бу.
16Церан батош ю, амма цара къамел ца до,
церан бӀаьргаш бу, амма царна хӀумма а ца го.
17Церан лергаш ду, амма царна ца хеза,
хӀо дац церан батошкахь.
18Царах терра хир бу уьш беш берш а,
царах тешна Ӏаш верг муьлхха а.
19Исраилан халкъ! Хаставе Веза Эла.
АхӀаронан тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
20Левин тӀаьхье! Хаставе Веза Эла.
Везачу Элана хьалха ларамах дуьзнарш!
Хаставе Веза Эла.
21Цийон-лома тӀера хаставе Веза Эла,
Ярушалаймехь Ӏаш волу Веза Эла!
Везачу Элана бу хастам!
Copyright information for
CheCAC2012