Psalms 136
Йийсарехь болчу исраилхойн белхар
1 ▼▼ Корта 136 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 137.
Бавелан хишна юххе тхо ховшура,цигахь тхо делха а доьлхура,
Цийонна хилларг дага а лоьцуш.
2Тхайн дечиг-пондарш
дак-дитта тӀе хьалаоьхкина оха.
3Тхо йийсаре дигинчара тхоьга эшарш лакха бохура,
тхуна ницкъ бечара шайн самукъадаккха бохура:
«Лакхал тхуна Цийонера эшарех цхьаъ!»
4Хийрачу махкахь а долуш,
оха муха локхур ю
Везачу Элан эшар?
5Нагахь суна хьо йицлахь, Ярушалайм,
сан аьтту куьйгана муха лакха еза дицлойла.
6Сан мотт багарчу стигалх дӀалетийла,
нагахь суна хьо дагахь ца хилахь,
нагахь ас Ярушалайм сайн самукъадаларан коьрте ца хӀоттаяхь.
7Ва Веза Эла, дагадаийтахьа эдомхоша
Ярушалайм эшийначу дийнахь динарг.
Дагадаийтахьа цара иштта кхойкхуш хилар:
«Йохае и гӀала! Йохае иза буха тӀе кхаччалц!»
8 bБавелан йоӀ, хӀаллакьян ва леринарг!
Ирсе ву ахьа тхуна динчунна
хьуна бекхам эцнарг!
9Ирсе ву хьан бераш, схьа а эцна,
тӀулгех детташ, хӀаллакдинарг!
Copyright information for
CheCAC2012