Psalms 142
ГӀо доьхуш долу доӀа
1 ▼▼ Корта 142 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 143.
Даудан назма. Веза Эла! ДӀахазахьа сан доӀа!Хьо тешаме хиларна ладогӀахьа сан дехаре!
Ахь нийсо лелорна жоп лохьа суна!
2 bХьайн лай волу со кхеле ма вигалахь, хӀунда аьлча
дуьнен чохь вехарг цхьа а Хьуна хьалха бакъ вац.
3МостагӀа ву суна тӀаьхьаваьлла,
цо лаьттаца дӀашарвина со.
Боданехь Ӏойту цо со,
дуккха а хьалха белларш санна.
4Суна чохь долу са эшна ду,
сан дог шелделла ду.
5Суна дагадогӀу дӀаихна денош,
Хьан массо а гӀуллакхех ойла йо ас,
Хьан куьйгаша динарг дагалоцу ас.
6Хьоьга сайн куьйгаш кховдадо ас,
хьагделла латта санна, Хьоьга сатесна ду сан са.
7Жоп лохьа суна хӀинцца, Веза Эла!
Сан са кхачош ду.
Хьайн юьхь сох къайла ма яккхахьа,
коша чу боьлхучарах со тар ца валийта.
8Ӏуьйранна Хьайн безамах дерг хазийтахьа суна,
хӀунда аьлча Хьох тешна Ӏаш ву со.
Со дӀаваха веза некъ гайтахьа суна,
хӀунда аьлча сан са Хьоьга сатуьйсуш ду.
9Веза Эла, сан мостагӀех кӀелхьарваккхахьа со!
Хьоьга лар ма войту аса со.
10Хьо сан Дела хиларна, Хьайн лаам кхочушбан Ӏамавехьа со.
Хьан дикачу Сино шерачу лаьтта тӀехула вуьгийла со.
11Хьайн цӀеран дуьхьа, Веза Эла, сан дахар кхоадехьа.
Айхьа нийсо лелорна, баланах хьалхардаккхахьа сан са.
12Хьайн соьга болчу хедар боцучу безамца
сан мостагӀий хӀаллакбехьа,
сан синна ницкъ бийраш дакъазабахахьа,
хӀунда аьлча со – Хьан ялхо ву.
Copyright information for
CheCAC2012