Psalms 143
Паччахьан доӀа
1 ▼▼ Корта 143 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 144.
Даудан назма. Декъала ву Веза Эла, Иза сан тарх ю.Цо тӀамана кечвина со,
сан куьйгаш лата Ӏамийна.
2Суна тешаме Верг, сан ГӀап,
сан къайлаволу Меттиг, со КӀелхьарвоккхург,
сан турс – сан Цунах дегайовхо ю.
Цо сан куьйга кӀел даладо сан халкъ.
3 bВеза Эла! Мила ву стаг, Ахь цуьнан гӀайгӀа бан,
адамийн кӀант тергал хӀунда во Ахьа?
4Адам хьоькхучу махах тера ду,
цуьнан дахар а дацлуш долу ӀиндагӀ ду.
5Веза Эла! Хьайн стигалш дӀаса а таттий, чувоссахьа.
Лаьмнех хьакхалохьа, тӀаккха цара кӀур тосур бу.
6Стелахаьштиг тохий, мостагӀий дӀасакхиссахьа,
Хьайн пхерчий а тохий, лахкахьа уьш.
7Лакхара Хьайн куьг а кховдадай,
буьрсачу хих а, хийрачу махкара болчу нехан карара а кӀелхьарваккхахьа со.
8Церан баганаша даьссаниг дуьйцу,
стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.
9Дела! Итт мерз болчу пондар тӀехь
керла йиш локхур ю ас Хьуна,
10паччахьашна толам лучу Хьуна,
Хьайн лай Дауд дерачу туьрах кӀелхьарвоккхучу Хьуна.
11Хийрачу махкара болчу нехан карара кӀелхьарваккхахьа со.
Церан баганаша даьссаниг дуьйцу,
стаг Ӏехош ду церан куьйгаш.
12Ондачу диттех тера хуьлда вайн кӀентий,
паччахьан цӀа чохь кечдинчу бӀогӀамех тера хуьлда вайн мехкарий.
13Ялта Ӏалашдеш йолу чоьнаш мел долчу беркатах юьзна хуьлда вайн,
дежийлашкахь эзарнаш уьстагӀий дебийла вайн.
14Хьийкъина хуьлда вайн стерчий.
Тхуна тӀелатар ма хуьлда,
цхьа а йийсаре а ма вуьгийла.
Вайн урамашкахь белхар ма хуьлда.
15Ирс долуш ду и дерриг а долу халкъ.
Ирс долуш ду Веза Эла Дела волу халкъ.
Copyright information for
CheCAC2012