‏ Psalms 149

Хастам баран йиш

1Хастам бу Везачу Элана!

Лакха Везачу Элана керла эшар,
хастам бу Цунна тешаме болчеран гуламехь.
2Исраилан халкъ шаьш Кхоьллинчух даккхийдеш хуьлийла.
Цийонан бахархой шайн Паччахьах баккхийбойла.
3Хастайойла цара Цуьнан цӀе, хелха а бовлуш,
локхийла цара Цунна эшарш, жиргӀанаш а тухуш, дечиг-пондарш тӀехь.
4ХӀунда аьлча Везачу Эло Шен халкъах дезар оьцу.
Мискачеран Цо сийдо уьш кӀелхьарбахарца.
5Далла тешаменаш оцу сийлаллех баккхийбойла,
шаьш бийшинчохь а уьш баккхийбойла.
6Церан багахь Далла хастамаш хуьлийла,
ткъа церан карахь шина а агӀор ира долу тур хуьлийла.
7Кхечу халкъашна бекхам бархьама а,
къаьмнашна таӀзар дархьама а хуьлийла иза.
8Иштта церан паччахьаш, гӀоьмеш а тоьхна, набахти чу бохкархьама а,
царна уллорачу хьалдолчу нахана буржалш тохархьама а хуьлийла иза.
9Царна хьакъ доллу кхел ярхьама а хуьлийла иза.
Цунна тешаме болчу массарна а иза сийлаллина хир ду.

Хастам бу Везачу Элана!
Copyright information for CheCAC2012