‏ Psalms 15

Делах тешаран доӀа

1
Назма 15 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 16.
Дауда язйина назма. Ӏалашвехьа со, Ва Дела,
Ахьа со ларвар аса лоьху дела.
2Везачу Эле аса элира: «Хьо ву сан Веза Эла.
Сан массо а диканиг Хьоьгара бен дац».
3Кху лаьттахь болчу Далла тешамечарах аьлча,
уьш сийлахь ма бу, царах со тамехь ву.

4Хийрачу деланашна тӀебоьлхучеран
баланаш совбевр ма бу.
ЦӀий Ӏаноран сагӀанаш аса церан деланашна дохур дац,
церан цӀераш а сайн багахула аса йохур яц.

5Суна кхочу дакъа а,
сан хинболу кхоллам а,
Веза Эла, Хьо ву.
Сан бала беза кхаж а
Хьан карахь бу.
6Суна дӀадуьстина дерг исбаьхьа ду,
Хьоьгара кхочун дерг суна тамехь ду.

7Сайна кхетам луш волу Веза Эла аса декъалво.
Ур-атталла буьйсанна а сан даго суна хьехам бо.
8Суна гуттар а го Веза Эла сайна хьалха.
Иза суна аьтту агӀор ву, со воха ца вохийта.

9Цундела сан дог а сакъералуш ду,
сан багара мотт а самукъадаьлла бу.
Сан дегӀ а кхерамехь дац.
10 bХӀунда аьлча Ахь эхартахь со вуьтур вац.
Хьайна тешаме волчунна вахкавалар гойтур дац.

11 cАхьа бакъдолчу дахаран некъ суна гайтина,
Хьуна уллохь хиларна хазахетарх со вузор ву Ахь,
Хьан аьтту агӀор со леларна,
абаденналц а там суна хуьлуьйту.
Copyright information for CheCAC2012