Psalms 16
Бехк боцучун доӀа
1 ▼▼ Назма 16 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 17.
Даудан доӀа. Веза Эла, Хьоьгара нийсо лоьхуш волу со дӀа а хазий,тергамца сан тийжаме ладогӀахьа,
харц йоцучу сан багара доӀа тӀеэцахьа.
2Ахь нийса кхел йийр ю суна,
бакъдерг Хьуна дика ма го.
3Сан деган кӀоргене хьаьжира Хьо.
Буьйсанна сан терго а йина,
со Ахьа зийча,
цхьа а вониг ца карийра Хьуна.
Сайн бетера цхьа а вониг ца далийта
сацам бина аса.
4Хьан багара долучу дешнашна тӀаьхьа а хӀуьттуш,
ларлуш лела со.
Ткъа адамаша лелочу гӀуллакхашна а, церан зуламечу некъашна а
со тӀаьхьа ца хӀуьтту.
5Хьан некъахула леларца сайн когаш чӀагӀбира аса.
Уьш дӀа а ца бевлла цу некъа тӀера.
6Дела! Хьоьга кхойкху со, Хьуна со хезар волу дела.
Хьайн лерг Ахь, соьгахьа схьа а дерзадай,
дӀахазахьа сан дешнаш.
7Хедар боцу Хьайн безам Ахьа кховдабехьа,
Ахьа шаьш лардар лоьхурш ницкъ беш тӀегӀертачех
Хьайн бакъахьарчу куьйгаца кӀелхьарбохуш верг.
8Хьайн тӀемийн ӀиндагӀехь хьулвехьа со,
йоӀбӀаьрг санна, ларвехьа со
9суна тӀегӀоьртинчу буьрсачу мостагӀех,
суна го бинчу сан са лоьхучу мостагӀех.
10Церан дог ца лозу кхидолчу адамех,
ткъа церан къамелаш кураллех дуьзна ду.
11Уьш суна тӀе а гӀоьртина,
хӀинца суна го а бина цара,
шайн бӀаьргаш суна тӀе хьажийна цара,
со лаьтта охьатаӀо гӀерта уьш.
12Ижунах хьаьгна долчу мецачу лоьмах тера бу уьш,
къайлаха тӀекхета кечделлачу къоначу лоьмах тера бу уьш.
13Веза Эла! Дуьхьалвалахьа сан мостагӀашна,
царна тӀе а гӀортий, Ахь эшабехьа уьш.
Хьайн туьраца кӀелхьардаккхахьа сан са
оцу зуламхойх.
14Ва Веза Эла, Хьайн нуьцкъалчу куьйгаца кӀелхьарваккхахьа со,
кху дуьненахь бен дахар дац моьттучу нахах,
церан кху лаьттахь оьшшуш долу дакъа ду.
Хьайн хазни чуьра кхоччуш долу таӀзарш дехьа царна,
церан бераш а таӀзарех дузахьа,
церан берийн берашна а царах диснарг лохьа.
15Ткъа суна бакъонца гур ю Хьан юьхь,
самаваларца, Хьан сибат а гина, там хир бу суна.
Copyright information for
CheCAC2012