‏ Psalms 17

Даудан хастаман назма

1
Корта 17 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 18.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара назма Везачу Элан ялхо волчу Дауда язйина ю. ХӀара назма Дауда Везачу Элана олура массо а мостагӀийн а, Шаулан а карара ша Цо кӀелхьарваьккхинчу дийнахь. Дауда элира:
2«Веза Эла, Хьо веза суна,
Хьо сан ницкъ бу!

3Веза Эла – сан чхар, сан чӀагӀо,
со КӀелхьарваккхархо ву.
Сан Дела сан тарх ю,
Цуьнга ас со ларвойту.
Иза сан турс а, сан кӀелхьарваларан ницкъ а бу.
Иза со къайлавоккху меттиг а ю.

4Шена хастам бан хьакъ долчу
Везачу Эле ма кхойкху со,
ткъа Цо сан мостагӀех кӀелхьарвоккху со.
5Ӏожаллин зӀенаша дӀалаьцнера со,
дохаран тулгӀенаша дӀахьош вара со.
6Эхартан зӀенаш хьаьрчинера сох,
Ӏожаллин бой яра суна хьалха.

7Сайна бохам баьллачу дийнахь
Везачу Эле орца даьккхира Аса.
Сайн Деле гӀо доьхуш кхайкхира со.
Шен цӀа чохь Цунна сан аз дӀахезира.
Сан орца Цуьнан лере дӀакхечира.
8Латта дега а дира, ласта а лестира,
лаьмнийн баххаш меттах а девлира,
Веза Эла чӀогӀа оьгӀазвахана дела.
9Цуьнан мерӀуьргаш чуьра кӀур арабийла болабелира,
доллу хӀума дӀакхоллуш йолу цӀе Цуьнан багара елира,
догуш долу кӀегий цу чуьра охьаоьгура.
10Стигалш дӀаса а теттина, Иза охьавоьссира,
Цуьнан когаш бухахь Ӏаьржа мархаш яра.
11Каруб-маликашна тӀе а хиъна, тӀемавелира Иза,
механ тӀемаш тӀехь дӀавахара Иза.
12Цо хӀаваэрачу Ӏаьржачу мархех
Шена къайлаволу меттиг йира,
Цунна гонах иза четар санна хилира.
13Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара
Ӏаьржа мархаш сихха дӀасаевлира,
къора а туьйхира, догуш долу кӀегий серла а девлира.
14Стигалара къекъаш санна, Везачу Элан гӀовгӀа елира!
Веза Воккхачо Шен аз хазийтира.
Къора туьйхира, догуш долу кӀегий серладевлира
15Шен пхерчий а кхиссина,
Цо мостагӀий дӀасалаьхкира.
ЧӀогӀа ткъес а тоьхна,
Цо уьш дӀа ма бовдийтира.

16Веза Эла, Хьан оьгӀазе аз дӀахезча,
Хьан мерӀуьргашкахула хӀо арадаьлча,
хӀордийн баххаш гучудевлира,
лаьттан баххаш схьаделладелира.

17Везачу Эло лакхенгара,
Шен куьйгаш схьа а кховдийна,
со кӀоргачу хи чуьра схьаваьккхира.
18Доьналла долчу сан мостагӀийн куьйга кӀелара Цо со схьаваьккхира,
сол ницкъ болчу, со ца везаш болчу мостагӀех кӀелхьара а ваьккхира.

19Сан де эшначу дийнахь уьш суна дуьхьалбевлира,
амма Веза Эла суна гӀортор хилла дӀахӀоьттира.
20Кхераме йоцучу метте Цо араваьккхира со,
Ша суна реза хиларна, кӀелхьарваьккхира со.

21Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна дика делла.
Сан куьйгаш цӀена хиларе терра, Цо суна кхаъ белла.
22Везачу Эло сайна гайтина некъаш аса лар а дора,
сайн Делехьара дӀа ца верзалуш, со Ӏеса а ца лелара.
23Цуьнан дерриг а тӀедехкинарш суна хьалха дара,
Цуьнан парзашна тӀера со дӀа а ца волура.

24Цунна хьалха со цӀена хилла,
къинош латорах ларлуш а хилла.
25Со бакъ хиларе хьаьжжина, Везачу Эло суна кхаъ белла,
Цуьнан бӀаьргашкахь сан куьйгаш цӀена долу дела.

26Хьайца тешаме волчуьнца тешаме хуьлу Хьо,
кхоччуш леллачуьнца кхоччуш хуьлу Хьо.
27ЦӀена волчуьнца цӀена хуьлу Хьо,
ткъа мекара волчуьнца –
цуьнан мекарлоне хьаьжжина хуьлу.

28Мисканаш Ахьа кӀелхьарбоху,
ткъа цабашарца хьоьжурш Ахьа охьатаӀабо.
29Веза Эла, сан стогар Ахьа латабо.
Сан бода а Дала серлабоккху.
30Хьоьца со хилча, аса эскар а эшадо,
сайн Делаца со пенал дехьа а вуьйлу.

31Дела – Цуьнан некъ кхоччуш дика бу!
Везачу Элан дош ма цӀена ду!
Цуьнга шаьш лардойтучу массарна а
Иза турс санна хилла дӀахӀоьттира.

32Дела кхин мила ву, Веза Эла воцург?
Тарх санна, дӀахӀоьттина мила ву, вайн Дела воцург?
33Берриг ницкъ а Дала ло суна,
дахаран некъ а нисбо Цо сан.

34 bСан когаш сен когех тарбо Цо,
лакхенашкахь со чӀогӀа лоттуьйту.
35Сан куьйгаш Цо тӀом бан а Ӏамадо,
аса хӀинца цӀестан Ӏад дула а тарло.

36Со кӀелхьарвоккху турс Ахь суна делира,
Хьан аьтту куьйго со лар а вира.
Хьан гӀодаро со тӀех воккха а войтура.
37Ахьа соьга ког шуьйра боккхуьйтура,
цундела сан болар гал ца долура.

38Сайн мостагӀашна тӀаьхьа а ваьлла, царна тӀекхиира со.
Уьш, хӀаллак а бина, байъалц юха а ца вирзира со.
39Хьала ца гӀовттабаллал ас уьш охьабехкира,
ткъа уьш сан когашка охьаийгира.

40Ахьа суна тӀом бан ницкъ а белла,
суна дуьхьалбевлларш сан когашка охьа а бехкина.
41Ахь дӀабовдийтинчу сан мостагӀийн баккъаш суна гина,
цундела со цавезнарш ас хӀаллакбина.

42Цара, шаьш кӀелхьардаха бохуш орца дохура,
амма уьш кӀелхьарбаха стаг вацара.
Цара Везачу Эле кхойкхура,
амма Цо царна жоп ца лора.
43Мохо дӀасаяржо чан санна,
царах кегийра дакъош ас дора.
Урамашкара хатт санна, уьш ас хьоьшура.

44Суна дуьхьалдаьллачу халкъах Ахь со кӀелхьарваьккхина.
Кхечу къаьмнашна тӀехь куьйгалхо Ахь со вина.
Суна девзаш а ца хиллачу адамаша хӀинца суна гӀуллакх до.
45Сох лаьцна шайна дӀа-ма-хеззи,
суна муьтӀахь хуьлу уьш.
Кхечу мехкашкара нах
суна хьалха хьестало.
46Даг чохь болчу кхерамо гӀора дӀадаьккхинера церан,
цундела, бега а беш, шайн чӀагӀонашкара арабуьйлура уьш.

47Дийна ву Веза Эла! Декъала хуьлда сан Тарх!
Веза воккха хуьлда со кӀелхьарвоккху Дела!
48Дела ву сох бекхам бийриг а,
халкъаш суна муьтӀахь дийриг а,
49сан мостагӀех со кӀелхьарвоккхург а!
Суна дуьхьалбевллачарна тӀехь Ахьа соьга толам баккхийтира.
Къизачу нахах Ахь со кӀелхьарваьккхира.

50 cЦундела кхечу къаьмнашна юкъахь
Аса Хьуна хастамаш бийр бу,
ва Веза Эла, иллешкахь Хьан цӀе а хестор ю ас.
51Везачу Эло шен паччахье баккхий толамаш бохуьйту.
Иза массо а ханна тешаме хир ву Ша къобалвинчунна,
Даудана а, цуьнан тӀаьхьенна а».
Copyright information for CheCAC2012