Psalms 18
Делан сийлалла Цуьнан кхоллараллехь ю
1 ▼▼ Назма 18 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 19.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2Стигалша Делан сийлалла гойту.Цо динчу гӀуллакхех лаьцна дуьйцу цара.
3Таханалерчу дийно кханалерчуьнга хаам бо,
тховсалерчу буьйсано кханалерчу буьйсане дуьйцу цунах лаьцна.
4Ца дуьйцу иза я меттанашца, я дешнашца,
церан аз а дац хезаш.
5 bДерриг а лаьтта тӀехула чекхйолу церан лар.
Дуьне мел ду дӀакхочу церан тоьшалла.
Стигалшкахь маьлхана Ӏан меттиг елла Дала.
6Шен нускал долчуьра воккхавеш араволу кӀант санна, араболу малх а,
къийсаршкахь хьалхейоккхург санна, ша бан безачу некъах боккхабеш.
7Стигалийн цхьана йистера схьаболу иза,
вукху йисте кхаччалц некъ а бу цуьнан.
Малхо луш йолчу йовхонах цхьа а хӀума хьул ца ло.
8Везачу Эло белла хьехам билггала нийса бу,
цо синан чӀагӀо йо.
Везачу Эло дӀадиллинарг а тешаме ма ду,
Цо хьекъална кӀоргге волчунна а хьекъалалла ло.
9Везачу Элан омранаш бакъахьара ду,
цара дог айадо.
Везачу Элан весет сирла ду,
цо бӀаьргаш серладоху.
10Везачу Элах кхерар цӀена ду,
иза абаделлалц ду.
Везачу Элан кхелаш билггал бакъ а ю,
уьш нийса а ю.
11И дерриге а дешил деза ду,
мазал а, улха чуьра мезан тӀадамал а мерза ду.
12Хьан лена а цара боккха хьехам бо,
уьш кхочушбарна йоккха ял а хуьлу.
13Ша латийна массо а къинош хьанна го?
Сан къайлаха долчу къинойх цӀанвехьа Ахь со.
14Лаам болуш леточу къинойх ▼
▼Лаам болуш леточу къинойх – я иштта: Кураллех.
ларвехьа Хьайн лай,цаьрга суна тӀехь толам а ца боккхуьйтуш.
ТӀаккха цӀена хир ву со,
даккхийчу къиношна бехке а воцуш.
15Веза Эла, сан Тарх а,
суна паргӀато Лург а,
сан бетера долу дешнаш а,
сан деган ойланаш а
тамехь хуьлийла Хьуна хьалха.
Copyright information for
CheCAC2012