Psalms 19
Толам баккхарна дина доӀа
1 ▼▼ Корта 19 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 20.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. 2Холчу хӀоьттинчу дийнахь дӀахезийла хьо Везачу Элана,ларвойла хьо Якъубан Делан цӀаро.
3Цо гӀо доккхийла хьоьгахьа Шен цӀа чуьра,
Цийон-лам тӀера хьо чӀагӀвойла Цо.
4Ахь сагӀина мел деанарг дагатосийла Цунна,
ахь дийнаташ дагоран сагӀа даккхарх там хуьлийла Цунна.
5Кхочушбойла Везачу Эло хьан деган лаам а,
ерриге хьан Ӏалашонаш а кхочушйойла Цо.
6Ахь толам баьккхича, тхуна хазахетар ду,
тӀаккха вайн Делан дуьхьа вай байракх ойур ю.
Кхочушдойла Везачу Эло хьан дерриг а дехарш.
7ХӀинца хиъна суна Везачу Эло Ша къобалвинарг кӀелхьарвоккхийла.
Шен сийлаллин стигалшкара Цо жоп ло цунна
Шен нуьцкъалчу кӀелхьарвоккхучу куьйгаца.
8Цхьаболчара гӀудалкхех,
вукхара говрех,
ткъа оха тхайн Везачу Делан цӀарах дозалла до.
9Уьш, мал а белла, ийгира,
ткъа тхо, дӀа а хӀиттина, нисделира.
10Веза Эла! Паччахье толам баккхийтахьа,
тхо дӀа а хазахьа, Хьайга орца дохучу хенахь.
Copyright information for
CheCAC2012