‏ Psalms 24

Шена тӀехь куьйгалла дар а, ша кӀелхьарваккхар а доьхуш дина доӀа

1
Корта 24 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 25.
Даудан назма. А са
ХӀара назма абатан кепехь ю, абат кхачаме хиларе терра, цхьана тайпанан кхачамалла а гойтуш.
Хьоьга хьалакхийдадо сайн са, Веза Эла.
2 Б илггала Хьох тешна ву со, сан Дела!
Со юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа.
Сох мостагӀий ма кхардийтахьа.
3 Б ерриш а Хьоьга хьоьжурш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бац,
ткъа бахьана доцуш ямартло йийраш юьхьӀаьржачу хӀуьттур бу.

4 Г айтахьа суна, Веза Эла, Хьайн некъаш,
Хьайн лаамаш а бовзийтахьа суна.
5 Д е дийне мел дели, Хьоьга хьоьжуш ву со.
Хьайн билггал бакъдолчунна тӀе а верзавехьа со,
Ӏама а вехьа со, хӀунда аьлча со кӀелхьарвоккху Дела Хьо ву.

6 Е рриг а заманашкахь дуьйна болу
Хьайн къинхетам а, хедар боцу безам а
дагабаийтахьа, ва Веза Эла.
7 З уламаш сан Хьайна дага ма даийтахьа.
Къоналлин къиношна гечдехьа сан.
Хьайн хедар боцучу безаме хьаьжжина,
со дагаваийтахьа, Веза Эла,
Хьо дика волу дела.

8 И сбаьхьа дика а, нийса а Веза Эла хиларна,
бан беза некъ гойту Цо къинош летийначарна.
9 К Ӏезиг шаьш хетарш нийсонна тӀе Цо берзабо,
Шен некъа тӀехь лела уьш Цо Ӏамабо.
10 Л еррина Цуьнан барт а, бакъонаш а ларъеш болчарна
Везачу Элан дерриг а некъаш безаме а, тешаме а ду.

11 М ел дукха къинош латийна ас, Веза Эла,
Хьайн цӀеран дуьхьа суна гечдехьа.
12 Н агахь санна стаг Везачу Элах кхоьруш велахь,
адамо харжа беза некъ гойтур бу Цо.
13 О цу стага диканца шен хан а йоккхур ю,
цуьнан тӀаьхьенна латта а кхочур ду.
14 П аргӀат юкъаметтиг ю Везачу Элан
Шега ларамах буьзначаьрца,
Шен барт а Цо царна бовзуьйту.

15 Р ечӀанна чуьра сан когаш Цо схьабахарна,
сан бӀаьргаш даим а Везачу Элехьа бирзина бу.
16 С оьга схьа а хьажахьа, сох къинхетам а бехьа,
хӀунда аьлча со цхьа а ву, гӀело хьоьгуш а ву.
17 Т Ӏех алсамъевлла сан деган гӀайгӀанаш,
сан баланех со хьалхаваккхахьа.
18 У зарш а деш, со гӀайгӀанехь хиларан а,
со гӀелваларан а тидам бехьа,
сан дерриге а къиношна гечдехьа.

19 Х ьажахьа сан мостагӀашка, мел дукха бу уьш.
Мел къизачу цабезамца соьга хьоьжу уьш.
20 Ч ӀагӀо а хилий, кӀелхьарваккхахьа со.
Хьох тешна Ӏаш волу дела,
юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла со.
21 Ш еко а йоцуш, Хьоьга ладоьгӀуш волу дела,
цӀена леларо а, нийсоно а ларвойла со.

22 Ӏ ийжам беш йолчу цуьнан ерриге гӀайгӀанех,
Дела, паргӀатдаккхахьа Исраилан халкъ.
Copyright information for CheCAC2012