Psalms 25
Бехк боцучун доӀа
1 ▼▼ Корта 25 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 26.
Даудан назма. Веза Эла, бехказаваккхахьа,цӀеначу новкъахула леларна, со.
Цкъа а гал ца волуш,
Хьох тешна лелаш ма вара со.
2Веза Эла, сох доллург талла а таллахьа, зен а зехьа.
Сан кийрахь а, даг чохь а долчуьнга хьажахьа.
3Хьан безам сан бӀаьргашна хьалха ма бу,
Хьан билггал бакъдолчуьнца со лелаш ма ву.
4Мекарчу адамашца со ца Ӏа,
шалхонаш йолчарах со дӀа ца кхета.
5Зуламхойн гулам суна ца беза,
Ӏесачарна юкъахь со охьа ца хоу.
6Куьйгаш а дуьлуш, сайн бехк цахилар дӀагойту аса,
цундела кхечаьрца цхьаьна со а ву
Хьуна Ӏибадат дечу меттигна го боккхуш,
7сайн озаца Хьуна хастамаш бархьама а,
Хьан дерриге а инзаречу гӀуллакхех лаьцна дийцархьама а.
8Веза Эла! Деза суна Хьо Ӏаш волу цӀа а,
Хьан сийлалла шена чохь йолу меттиг а.
9Сан са хӀаллак ма дехьа къинош летош болчаьрца,
сан дахар а хӀаллак ма дехьа цӀий Ӏанор дезачаьрца.
10Церан карахь ду зуламаш дар,
церан аьтту куьг дуьзна ду кхаьънаш схьаэцарх.
11Ткъа со-м сайн цӀеначу новкъахь ву.
КӀелхьара а ваккхахьа со, къинхетам а бехьа сох.
12Сан ког бу лаьтташ шерачу меттехь.
Веза Эла декъалво аса динан гуламашкахь.
Copyright information for
CheCAC2012