‏ Psalms 3

ГӀо дехарх долу доӀа

1 aДауда шен кӀантах Абушаламах ша ведда лелла хан дагайоуьйту назма. 2Веза Эла! Ма дебна сан мостагӀий!
Дукхахберш суна дуьхьал гӀевттина.
3Цара сох лаьцна олу:
«Делера кӀелхьарвалар хир дац цунна».

4Амма Ахьа, Веза Эла, турсо санна, со ларво.
Хьо ду Сан дозалла,
Ахь ойу сан сий!
5Ас доггах кхойкху Везачу Эле,
Шен безачу лам тӀера Цо жоп ло суна.
6Со вуьжу, наб йо ас,
гӀотту со, Везачу Эло со ларвойла а хууш.
7Сайна го бинчу эзарнаш мостагӀех
кхералур вац со.
8ГӀаттахьа, Веза Эла!
Ваккхахьа со кӀелхьара, сан Дела!
Ахь сан мостагӀийн яххьаш йоха ма йо,
зуламе гӀуллакхаш дечеран цергаш ма оту.
9Везачу Элера ду кӀелхьардовлар.
Хьан халкъана тӀехь хуьлийла Хьан декъалдар.
Copyright information for CheCAC2012