‏ Psalms 30

Деле сатийсарх лаьцна дина доӀа

1
Корта 30 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 31.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Веза Эла! Хьоьга ларвойту аса со.
Цкъа а юьхьӀаьржачу ма хӀоттийтахьа со.
Хьайн нийсонца со паргӀатваккхахьа.

3Хьайн лерг суна тӀедерзадехьа,
со кӀелхьарваккха сихлохьа.
Тарх санна хилахьа, со ларвархьама,
чӀогӀа гӀап санна хилахьа суна, со кӀелхьарваккхархьама.
4Суна чхар санна Хьо хиларна,
суна гӀап санна Хьо хиларна,
Хьайн цӀеран дуьхьа со лела а вехьа,
суна тӀехь урхалла а дехьа.
5Къайлаха дӀахӀоттийначу гура чуьра со схьаваккхахьа,
хӀунда аьлча Хьо ю сан чӀагӀо.

6 bХьан кара дӀало аса сайн са.
Веза Эла, тешаме Дела,
Ахьа кӀелхьарвоккхур ву со.
7ХӀумма а боцучу цӀуйн сийдийраш
бӀаьрга бан а ца беза суна,
ткъа со Везачу Элах тешна Ӏаш ву.
8Хьан хедар боцу безам бахьанехь
хазахеташший, самукъадаьллий хир ву со.
ХӀунда аьлча ас хьоьгу Ӏазап Хьуна гира,
сан синан бала Хьуна дӀахиира.

9МостагӀчун кара дӀа ца велира со Ахьа.
Сан когаш паргӀатчу меттехь дӀахӀиттий Ахь.
10Веза Эла, сох къинхетам бехьа,
хӀунда аьлча ву-кх со готтехь.
Сингаттаме со хиларна,
худабелла сан бӀаьргаш а,
сан са а, сан кийра а.

11Сингаттамо дахар а гӀелдина сан,
шераш а узарш деш дӀадовлу сан.
Аса къинош леторна
Ӏебархойн тептар тӀехь: аса къинош леторна. Грекийн гочдар тӀехь: Ӏазапехь со хиларна.
, сан ницкъ а дӀабаьлла,
сан даьӀахкаш а малъелла.
12Сан мостагӀий бахьанехь
ур-атталла сан лулахоша а тӀехдетта суна,
со вевзаш берш а дӀакъехка сох.
Урамехь со гинарш а дӀабовду сох.
13Велларг санна, нехан дегнаша вицвина со.
Йоьхна пхьегӀа санна ву со.

14 dДуккханнийн а харцлер хеза суна.
Массо а агӀор къемат тӀегӀерта,
суна дуьхьал барт а бина,
сан са даккха дагахь цара ойланаш йича.
15Ткъа со Хьох теша, Веза Эла.
Аса олу: «Хьо ву сан Дела».
16Хьан карахь ду сан дахаран денош.
Сан мостагӀийн карара а,
суна тӀаьхьабевллачех а
со кӀелхьарваккхахьа.
17Хьан лай волчу суна тӀе Хьайн юьхь тӀера серло лепийтахьа.
Хьайн хедар боцучу безамца со кӀелхьарваккхахьа.
18Веза Эла! Хьоьга кхайкхарна
со юьхьӀаьржачу ма хӀуттийла.
Ткъа Ӏесанаш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина,
эхартахь тийна дӀасовцийла.

19Тхьузйоьлла юьсийла харцлоь баганаш,
Делан лаамехь лелачарна дуьхьал
кураллица а, дозаллица а вониг дуьйцуш йолу.
20Мел дукха ду-кх Хьоьгара долу дика,
Хьоьга ларамах буьзначарна дала Ахьа кечдина долу.
Хьоьга шаьш лардойтуш долчу
массо а адамашна хьалха дӀало Ахь иза!

21Адамийн питанех
Хьайн юьхьца къайлабоху Ахь уьш.
Дуьхьал лоьчу меттанех
Хьайн ӀиндагӀехь къайлабоху Ахь уьш.
22Декъала ву Веза Эла,
го бинчу гӀалахь со волуш,
суна Ша тешаме хилар Ӏаламат кепара гайтина волу!

23Со дог доьхна волуш, суна хийтира,
Хьайн бӀаьргашна дуьхьалара Ахь со дӀаваьккхина аьлла.
Амма Хьуна дӀахезира сан доӀанан аз,
Хьайга со дӀакхайкхича.
24Веза Эла везаш хилалаш,
Цуьнан долахь мел дерш.
Тешаме берш Везачу Эло ларбо,
ткъа дозаллаш дечарна шайн хьакъ дӀало.
25Доьналла долуш хилалаш! Шун дегнаш чӀагӀлойла,
Везачу Эле сатуьйсучу шун массеран а дегнаш чӀагӀлойла!
Copyright information for CheCAC2012