Psalms 32
Хастам баран илли
1 ▼▼ Корта 32 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 33.
Делан лаамехь дерш, шайн Везачу Эло диначунна даккхийделаш.Шаьш бакъ болчаьргахь хастамаш бар товш ду.
2Хастам бе Везачу Элана,
дечиг-пондар локхуш,
ала Цунна иллеш
итт мерз болу пондарца.
3Ала Цунна керла илли:
говза лакха Цунна,
воккхаверан аз айдеш.
4ХӀунда аьлча Везачу Элан дош билггал бакъ ду,
Ша мел дечу гӀуллакхаш тӀехь тешаме ву Иза.
5Цунна бакъдерг а, нийсо а еза.
Везачу Элан хедар боцу безамах дуьзна ду латта.
6Везачу Элан дашца кхоллаелла стигалш,
Цо Шен Синан Ӏаь тохарца кхоьллина стигалара массо а ницкъаш а.
7ХӀордан хиш Цо, оьланаш санна, гулдина,
кӀорга хиш Цо шен-шен меттигашкахь сацийна.
8Дерриге а латта а кхоьрийла Везачу Элах,
инзардовлийла Цунна хьалха̄ дуьнен чохь мел дехарш.
9ХӀунда аьлча Цо элира – иза хилира,
Цо омра дира – иза дӀахӀоьттира.
10Везачу Эло бохабо хийрачу мехкашкара къаьмнийн лаамаш,
хӀаллакйо халкъийн Ӏалашонаш.
11Ткъа Везачу Элан Ӏалашо абаделлалц лаьтта,
Цуьнан дагахь дерг тӀаьхьенера тӀаьхьене кхочу.
12Декъала ду Веза Эла шен Дела волу халкъ.
Цо, Шен дола а даьккхина, къастийна тукхам ду иза.
13Веза Эла стигалшкара охьахьоьжу,
массо а адамийн кӀентий го Цунна.
14Ша охьахиъна Ӏаш волчу сийлаллин гӀанта тӀера
лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка
охьахьоьжуш ву Иза.
15Везачу Эло кхоьллина церан массеран а дегнаш,
церан мел долчу гӀуллакхийн духе а кхуьу Иза.
16Шен эскар доккха хиларх паччахьо а толам ца боккху.
Шен боккха ницкъ хиларх тӀемало а кӀелхьара ца волу.
17Дин а бац тешаме стаг кӀелхьарваккха,
шен боккхачу ницкъаца а кӀелхьарвоккхур вац цо иза.
18Веза Эла хьоьжуш ву Шех кхоьручаьрга а,
Шегара болчу хедар боцучу безаме ладоьгӀучаьрга а.
19Цо уьш Ӏожаллех а кӀелхьарбоху,
кхача а ло царна мацалла хӀоьттинчу хенахь.
20Вай Везачу Элах тешна ду.
Иза вайн гӀоьнча а, вай лардо турс а ду.
21Везачу Элана самукъадаьлла ду вайн дегнаш,
Цуьнан сийлаллин цӀарах тешна вай деха дела.
22Веза Эла, Хьан хедар боцу безам хуьлийла тхуна тӀехь
тхо Хьох тешна Ӏаш долчу хенахь.
Copyright information for
CheCAC2012