Psalms 33
Делан диканна бина хастам
1 ▼▼ Корта 33 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 34.
А бу-Маликана ▼▼ХӀара назма абатан кепехь ю. Хьовса: Забур 24.
хьалха, ша хьераваьлла моттуьйтуш, Дауда аьлла йолу назма. Дауда иза динера, ша Абу-Малике дӀаэккхавайтархьама. Иштта, Абу-Малика эккха а вина, Дауд дӀавахара. 2 c В еза Эла декъалво ас муьлххачу а хенахь.Цунна хастам а бу сан багахь массо а хенахь.
3 Г Ӏийла дерш, дӀа а хазий, самукъадаьлла хилалаш,
Везачу Эло динчунна воккхавеш ма ву со.
4 Д екъал а веш Веза Эла, вазвелаш И соьца.
Язъе вай массара а Цуьнан еза цӀе хӀинца.
5 Е рриг а хан йоккхура ас, Везачу Эле кхойкхуш.
Цунна дӀа а ма хезира ас деш долу доӀанаш.
Сан мел болчу кхерамех со кӀелхьарваьккхи Цо.
6 З овкх ду Цунна тӀебирзинчаьргахь, уьш серлабуьйлу.
Церан яххьаш цкъа а хир яц юьхьӀаьржонах юьзна.
7 И штта мискачо дехнарг а Везачу Элана дӀахеза.
Цуьнан массо а баланех Цо и кӀелхьарвоккху.
8 К Ӏелхьарбоху Везачу Элан Малико Цунах кхоьруш бехарш.
Царна гонах а хьийзаш, Цо уьш лар а бо.
9 d Л еррина шу хьаьвсича, Везачу Элан диканан чам кхетар бу шуна!
Ма декъала а ву-кх Цунах тешна Ӏаш волу стаг!
10 М а кхоьруш лела деза шу Везачу Элах, Цуьнан долахь долу адамаш,
хӀунда аьлча Цунах кхоьруш вехачун массо а хӀуманан тоам хир бу.
11 Н аггахь ур-атталла лоьман кӀорнеш а, яа хӀума йоцуш, мацаллехь хуьлу,
ткъа Веза Эла лоьхург, Цуьнан диканах тоам боцуш вуьсур вац.
12 О йла а еш, бераш, соьга хӀинца ладогӀа.
Везачу Элах кхоьруш хила аса шуна хьоьхур ду.
13 e П аргӀат долу дахар дезий шуна?
Дукха даха лаьий шуна Делан дика гархьама?
14 Р еза боцу мотт зуламна аша бехкалаш.
Ткъа мекара долу дешнаш шайн багара ма довлийта.
15 С ацалолаш зулам дарх шу, ткъа цуьнан метта диканиг де!
Цу гӀуллакхна къа а хьоьгуш, машар аша лехалаш.
16 Т къа Хьан бӀаьргаш, Веза Эла, Хьан лаамехь болчаьргахьа боьрзу.
Хьан лергаш а, Веза Дела, церан тийжамашкахьа доьрзу.
17 У ллора дӀа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна,
Лаьттара царах лаьцна долу массо а хӀума дӀадайархьама.
18 Х еза Везачу Элана, Шен лаамехь болчара кхайкхича.
Церан берриге а баланех Цо уьш кӀелхьарбоху.
19 Ц о Ша дог доьхначарна уллохь гойту.
Дог диллина Ӏаш берш а Везачу Эло кӀелхьарбоху.
20 Ч ӀогӀа дукха баланаш хила тарло Делан лаамехь волчун а,
амма массо а халонех Везачу Эло иза кӀелхьарвоккхур ву.
21 f Ш аерриш а цуьнан даьӀахкаш Везачу Эло ларъеш ю.
Царах цхьа а Цо кагйийр яц.
22 Э ххар а къалатийнарг шен зуламо вийна дӀавоккхур ву.
Делан лаамехь берш цабезнарш, хӀаллакьхилла, дӀабевр бу.
23 Ӏ азапера Везачу Эло мехах паргӀатвоккху Шен ялхо.
Шех тешна Ӏаш берш Цо бехке ца бо.
Copyright information for
CheCAC2012