‏ Psalms 34

Деле гӀо доьхуш дина доӀа

1
Корта 34 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 35.
Даудан назма. Веза Эла, валахьа дуьхьал соьца къовсаме бевллачарна.
Эшам бехьа, Веза Эла, суна дуьхьалбевллачарна.
2Кара турс а эций, тӀе гӀагӀ а духий,
волахьа Хьо суна гӀо дан.
3ГӀоьмукъ хьала а айий, совцабехьа и сан мостагӀий.
Алахьа Ахь сан сине: «Со ву хьо кӀелхьардоккхург».

4Сан синна тӀаьхьабевллачарна эхь а хетийла,
со вен лоьхурш, юьхьӀаьржачу а хӀиттина, юха а боьрзийла.
5Мохо дӀасатесна чан санна, хуьлийла уьш.
Везачу Элан Малико дӀа а лохкийла уьш.
6Боданехь а, ког шершаш а церан некъ а хуьлийла.
Царна тӀаьхьа Везачу Элан Малик а долийла.

7Бахьана а доцуш, ког лоцу бой къайлаха тесира суна цара.
Цхьа а бахьана а доцуш, ор а даьккхира цара суна.
8ЦӀеххьана хӀаллакьхилар нислойла хӀинца царна шайна.
Къайлаха когаш кӀел тесначу бойно лоцийла уьш шаьш.
Шаьш, цу ор чу а эгна, хӀаллакьхуьлийла уьш.

9Ткъа сан дог-м Веза Эла бахьанехь доккхадеш хир ду,
Цуьнгара долчу кӀелхьарваларх самукъадаьлла и хир ду.
10Аса даггара эр ду: «Мила ву, Веза Эла, Хьох тера?»
Хьо ма ву гӀийланиг ницкъболчух ларвийриг,
къениг а, мисканиг а талорхойх ларвийриг.

11Бовлу-кха суна дуьхьал харц болу тешаш.
Барт хоьтту цара соьга хаъане а ца хуучух.
12Ас динчу диканна вон до суна цара.
Сан са а ма дуьту дӀатесна цара.
13Уьш цомгуш хилча, ас-м таьӀна бедарш юхура.
Сайн са а малдора ас марханаш кхабарца.
Ас дина доӀанаш жоп доцуш дисича,
14доттагӀа я ваша и волуш санна, гӀайгӀане хуьлура со.
Сайн ненан тезетахь санна,
корта а оллийна, халахетта хуьлура со.

15Нагахь со галваьлча, хазахеташ, уьш гуллора.
Суна хӀума олуш берш цхьаьна ма кхетара.
Стенна ду а ца хууш, саццаза цара со сийсазвора.
16АстагӀчух буьйлурш санна,
соьга болчу шайн цабезамна цергаш цара хьекхайора.

17Хьалдолу Эла! Кхин дукха Ӏийр вуй те Хьо сох хуьлучуьнга хьежар бен доцуш?
Ахь кӀелхьарваккхахьа со церан зуламечу ойланех,
лардехьа сан цхьаъ бен доцу дахар цу буьрсачу лоьмех!
18Боккхачу гуламехь ас Хьан сийлалла ойур ю.
Алссам долчу халкъана юкъахь ас Хьуна хастамаш бийр бу.

19 bХарц бахьанашца сан мостагӀий баккхий ма бейтахьа.
Бахьана а доцуш, со ца везачаьрга вовшашка бӀаьргаш ма теӀабайтахьа.

20ХӀунда аьлча маьрша къамелаш ца до цара,
ткъа машар безачу нахана уьш мекарчу дешнашца лоь.
21Суна дуьхьал шайн баганаш а гӀиттош, цара олу:
«ХӀаъ! Тхуна тхаьшна а гина ахь динарг!»
22Хьуна Хьайна а го-кх и дерриг, сан Веза Эла!
Хьалдолу Эла! Ма валахьа Хьо суна гена!
23Сама а валий, суна гӀоьнна дӀахӀоттахьа.
Сан Дела, сан Хьалдолу Эла, суна дуьхьалбевллачарна хьалха̄ бехказаваккхахьа со.
24Хьайн бакъ кхел ехьа Ахь суна тӀехь, сан Веза Дела!
Сох кхарда ма кхардийтахьа уьш.
25Ма хуьлийла-кх, Дела, там церан дегнашна:
«ХӀара дара-кх оха лоьххург», – аьлла.
Ма олийла-кх цара:
«ХӀара-м оха дӀакхаьллира».

26Сан бохамах самукъадаьллачарна Дала эхь а хетийтийла,
цаьрга шайн сий а духкийтийла Цо.
Суна хьалха̄ кураллаш йийраш Цо эхьах а бузийтийла,
уьш сийсаз а бойла.

27Хазахетарца баккхийбойла
со бакъвина хила лууш берш.
Хаддаза олийла цара:
«Вазлойла Веза Эла,
Шен лен ирс хазахеташ волу».
28Сан мотт а хир ма бу Хьан бакъдерг кхайкхадеш,
муьлххачу а дийнахь Хьуна хастамаш а беш.
Copyright information for CheCAC2012