‏ Psalms 38

ДӀатесна волчун дохковалар

1
Корта 38 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 39.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга, Ядутуне. Даудан назма.
2Ас элира: Сайн маттаца къинош ца леторхьама,
со лелачу сайн некъийн тергам бийр бу аса.
Ӏесанаш сайна хьалха мел бу,
сайн бат дӀасацор ю аса.
3Мотт ца хуург санна а, аз доцург санна а хуьлура со,
ур-атталла диканна а вист ца хуьлура со.
Ткъа сан баланаш совбевлира.
4Сан дог алу хилла дӀахӀоьттира.
Цуьнан дукха ойла ярна, сан кийрахь цӀе елира.
Со сайн маттаца дийца волавелира:

5Веза Эла, алахьа соьга, сан кхалхар маца хир ду а,
сан дахаран денош мел дисна а. Мел ду те уьш,
Ахь суна дуьнен чохь яккха елла хан мел ю хаархьама.
6Ахь суна делла денош цхьайолу шенаш
Шенаш – нанапӀелганий, цӀазапӀелганий юккъера меттиг.
санна бен дац.
Сан оьмар Хьуна гергахь хӀумма а йоцург ю.
Билггал, хӀора стеган дахар хӀо санна бен дац-кх.
7Билггал, адам гӀаларт санна лела-кх.
Эрна хӀума а до цо, хьал а гулдо,
ткъа иза хьанна кхочур ду цунна ца хаьа-кх.

8Ткъа хӀинца аса стенга ладогӀа деза те?
Сан сатийсар-м Хьоьга ду.
9Аса лелочу дерриге а зуламех кӀелхьарваккхахьа со.
Емалвайта сонтачеран кара дӀа ма лохьа со.
10Мотт а сецна, сан багара дош ца долу,
суна мел динарг Ахьа дина долу дела.
11Айхьа суна дина таӀзар дӀадаккхахьа,
Хьан куьг дукха дардаларна дӀавер ву со.
12Бехк адамах баккхарца, летийначу къиношна Ахьа цунна таӀзар до,
цунна дезаш мел дерг, нецо санна, Ахь кхаьллина дӀадоккху.
Билггал, хӀора стаг хӀо санна бен вац-кх!

13Веза Эла, сан доӀа дӀахазахьа,
сан узарийн тергам бехьа.
Сан бӀаьрхишна дуьхьал жоп ца луш ма Ӏехьа.
ХӀунда аьлча со кхузахь Хьан хьаша санна ву,
сан берриге а дай санна, со тӀевеанарг а ву.
14ДӀа а кхелхина, дуьнен чуьра дӀаваххалц йолчу ханна
витахьа со, сан кхин а воккхавен йиш хилийтархьама.
Copyright information for CheCAC2012