Psalms 4
ГӀо доьхуш дина доӀа
1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма мерз-пондаршца лакха езаш ю. 2Сан дог Хьоьга кхойкхучу хенахь,дӀахазахьа со, сан бакъволу Дела.
Хала киртиг тӀехӀоьттича,
Ахь гӀо дора суна,
хӀинца а хилахьа соьца дика,
сан доӀанна жоп лохьа.
3ХӀай нах! Мел дукха Ӏан дохку шу,
Со сийсаз а веш?
Эрна хӀуманаш а дезаш,
харцдерг а лоьхуш,
мел лела дохку шу?
4Хаалаш, Везачу Эло къастийна Шена тешаме берш.
Цундела со Шега кхойкхуш хезаш ву Иза.
5 aШаьш дарделлачу хенахь
къинош ма летадойла аша.
Цунах лаьцна кӀоргге ойланаш аша елаш,
шайн меттахь дӀатийна шаьш Ӏачу хенахь.
6Везачу Элана лерина нийса сагӀанаш цӀеначу даггара дахалаш,
Цунах тешна хилалаш.
7Дукха наха хоьтту: «Хьан гойтур ю вайна дикалла?»
Хьан юьхь тӀера серло тхуна лепийла, Веза Эла!
8Сан дог а дузуш, Ахь суна делла ирс
церан чул дукха ма ду,
кӀа а, чагӀар а
церан шортта делахь а.
9Меттахь Ӏуьллучу хенахь паргӀат наб йо ас, Веза Эла.
Хьо воцучо цхьаммо а кхерам боцуш ва̄ха ца вуьту со.
Copyright information for
CheCAC2012