Psalms 41
ШолгӀа тептар
(Забур 41–71)
Йийсарехь волчун доӀа
1 ▼▼ Корта 41 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 42.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма. 2Хин Ӏоврех хьоьгуш болу сай санна,сан са а ду Хьох хьоьгуш, Дела!
3Делах хьоьгу сан са – дийна волчу Делах.
Маца дӀавахалур ву те со,
Далла уллохь а волуш,
Цунна Ӏибадат дан?
4Дийнаххьий, буьйсанний сайн бӀаьрхих
кхача хилира суна,
«Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш,
дийнахь сарралц мостагӀаша соьга хоьтту.
5Сайн синан Ӏаткъам дӀа а балхош,
хӀара ду суна дагаоьхург:
адамийн тобанашца сайн лелар,
Делан цӀа долчу сайн хьалхавийлар.
Халкъаца цхьаьна аса а кхойкхура
дезде даздечу хенахь
хазахетаран а, баркаллин а озаца.
6ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са,
карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
7Сан кийрарчу сино сагатдо,
цундела суна Йордан-хин махкара а,
Хьермон а, Мицхьар а лаьмнийн мехкашкара а
дагаоьху Хьо.
8КӀоргачу цхьана хино вукху хине
Хьан чухчарийн аьзнашца кхайкхамаш бо.
Дерриг Хьан хиш а, Хьан тулгӀенаш а
суна тӀехула чекхъевлла.
9Дийнахь Везачу Эло
Шен безам суна тӀехьажабо.
Буьйсанна соьгахь илли ду Цунна –
сан дахаран Деле долу доӀа.
10Сайн тарх йолчу Деле аса олу:
«Ахьа со виц хӀунда вина те?
ХӀунда лела те со гӀайгӀанехь,
сан мостагӀчо суна гӀело ярх?»
11Сан даьӀахкашкахь Ӏожаллин чов хиллал,
сан мостагӀашна со дола хета,
«Мичахь ву ткъа хьан Дела?» – бохуш,
дийнахь сарралц цара соьга хоьтту.
12ХӀунда ду те хьо сингаттаме, сан са?
Карзах хӀунда дуьйлу те хьо сан кийрахь?
Деле ладоьгӀуш хила, хӀунда аьлча
ас кхин а хастамаш бийр бу Цунна,
со КӀелхьарвоккхург волчу сайн Далла.
Copyright information for
CheCAC2012