Psalms 43
Халкъ лардар доьхуш долу доӀа
1 ▼▼ Корта 43 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 44.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан хьехаме назма. 2Тхан дайша тхуна дуьйцура,уьш баьхначу ширачу заманахь.
Ахь мел динчу гӀуллакхех лаьцна.
Ва Дела, тхан лергашна хезнера иза.
3Хьайн куьйгаца халкъаш хӀаллакдира Ахьа,
ткъа тхан дай баха охьаховшийра Ахьа.
Кхечу къаьмнашна зулам дира Ахьа,
ткъа тхан дайн аьтто балийтира Ахьа.
4Цара и латта шайн туьраца а ца даьккхира,
шайн ницкъаца а ца даьккхира.
Хьан нуьцкъалчу аьтту куьйгаца а,
Хьан юьхь тӀера лепачу нуьраца а
даьккхира цара и латта, Хьо царна реза хиларна.
5Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву!
Якъубан халкъана ▼
▼Якъубан халкъ – иза Исраилан халкъ ду.
толамаш бахар лохьа! ▼▼Ӏебархойн тептар тӀехь: Ва Дела, Хьо сан Паччахь ма ву! Якъубана толамаш бахар лохьа! Грекийн гочдар тӀехь: Хьо-м сан Паччахь а, сан Дела ву, Якъубан халкъ кӀелхьардаккха омра деш волу.
6Хьан ницкъаца тхешан мостагӀий оха юхабоху,
Хьан цӀарца тхайна дуьхьалбевлларш оха хьошу.
7Сайн секхаӀодах тешна Ӏаш вац со,
сайн туьро а кӀелхьар ца воккху со.
8Амма тхан мостагӀех Ахь тхо кӀелхьардоху,
тхо цадезарш Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттабо.
9Дийнахь сарралц Делах дозалла до оха.
Абаденналц Хьан цӀе язйийр ю оха.
10Амма хӀинца-м Ахь дӀатесна тхо,
Ахь юьхьӀаьржачу а хӀиттийна тхо.
Тхан эскаршца ара ца волу Хьо.
11Ахь мостагӀех тхо дӀаидийтина,
тхо ца дезачара тхоьгара хӀонс яьккхина.
12УьстагӀий санна, хӀаллакдайта дӀадели Ахь тхо,
къаьмнашна юкъахь дӀасадаржий Ахь тхо.
13Хьал совдаккхар а доцуш, Хьайн халкъ Ахь дӀадоьхки,
цунах беллачу мехах Ахь пайда а ца ийци.
14Тхан лулахошка емалдайта дӀадели Ахь тхо.
Тхуна гонах бехаш болчарна беламна а,
сийсаздахарна а дӀадели Ахь тхо.
15Халкъашна юкъахь кицанна а
даладойтуш, дӀахӀиттий Ахь тхо.
Кхечу къаьмнашка кортош а лестадойтуш,
тхох кхардам бина, дӀахӀиттий Ахь тхо.
16Сан сийсазалла дийнахь сарралц суна хьалха ю.
Со юьхьӀаьржачу хӀоттийна,
17со емалвеш болчеран а, харцлуьйчеран а озо а,
сан мостагӀчун а, суна бекхам бар
лоьхучеран а хьежаро а.
18И дерриг а тӀедеана тхуна,
амма Хьо виц ца велла тхуна,
Хьан барт а ца бохийна оха.
19Тхан дегнаш Хьох дӀа а ца дирзира,
тхан когаш Хьан некъа тӀера дӀа а ца бевлира,
20Амма чангӀалкхаш ехачу меттехь Ахь тхо дӀахьаьшира,
Ӏаьржачу боданехь Ахь тхо дӀахьулдира.
21Нагахь оха, тхешан Делан цӀе йиц а йина,
хийрачу далла куьйгаш хьалаайинехьара,
22иза Далла хуур дацара ткъа,
Шена деган къайленаш евза дела?
23 dХьо бахьанехь хӀора дийнахь тхо мостагӀаша хӀаллакдо.
Дайа кечдина уьстагӀий санна царна хета тхо.
24ГӀаттахьа, Веза Эла, вижина хӀунда Ӏа Хьо?
Самавалахьа, гуттаренна а дӀа ма тасахь тхо!
25Хьайн юьхь тхох къайла хӀунда яьккхина те Ахь?
Тхо баланехь а, Ӏазапехь а хилар диц хӀунда дина те Ахь?
26Тхо ченаш юккъе охьаэгна,
тхан догӀмаш лаьттах дӀалетта.
27ГӀаттахьа тхуна гӀоьнна,
Хьайн барам боцучу безаман дуьхьа
кӀелхьардахахьа тхо.
Copyright information for
CheCAC2012