Psalms 44
Паччахьо зуда ялорах лаьцна йолу йиш
1 ▼▼ Корта 44 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 45.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Шушаним» олучу мукъамехь ала езаш ю. Кхорахьан тӀаьхьенан йолу хьехаме назма. Безаман йиш. 2Сан дага чуьра хаза дешнаш арадуьйлу,сайн аяташ аса паччахьна лерина доху,
сан мотт говзачу йозанчин къолам бу.
3Адамашна юкъара уггар исбаьхьаниг ву хьо.
Къамел дарна говза а ву хьо,
цундела Дала абаденналц декъалвина хьо.
4ГӀодаюкъах дехка, ва турпалхо, хьайн тур,
хьайн паччахьан сий а, исбаьхьалла а долу.
5Хьайн хазаллица говр хахкахьа, толам а боккхуш,
билггал бакъдолчун а, кӀедачу нийсонан а дуьхьа,
хьан аьтту куьйго хьуна инзаре хӀуманаш гайтийтархьама.
6Хьан ира пхерчий паччахьан мостагӀийн дегнех чекхдовлийла.
Хьан когашна хьалха халкъаш охьаэгийла.
7 bДала делла хьан паччахьалла абаденналц лаьтта,
ткъа хьан паччахьалла нийсонан паччахьалла ду.
8Нийсо а езаш, харцо ца еза хьуна,
цундела Дала къобалвина хьо,
хьан Дала хьан накъосташна чул а
хьуна алссам хазахетар делла.
9Хаза хьожа йогӀу деза даьтта а, сарап а, кассия а
хьан ерриг а тӀеюхучу бедаршна тӀехь ю.
Пийлан кӀомсарех хаздинчу паччахьан цӀеношна тӀера
мерз-пондарийн мукъамаша хьан самукъадоккху.
10Хьан долахь болу паччахьийн йоӀарий лараме болчу зударшна юкъахь бу хьан.
Апар-махкара шена тӀехь деши а долуш,
нускал ду хьуна аьтту агӀор дӀахӀоьттина.
11ЛадогӀалахь, йоӀ, схьахьажалахь,
хьайн лерг а схьадерзаделахь,
хьайн халкъ а дицделахь,
хьайн ден цӀа а дицделахь.
12Паччахьна хьан хазалла езалур ю.
Иза хьан олахо волу дела,
хьо Цунна хьалха охьатаӀалахь.
13Цора-гӀалара бахархоша совгӀаташ дахьар ду,
къоман хьалдолчара хьо шайна резахилар лоьхур ду.
14Паччахьан нускал паччахьан цӀа чу доьду.
Ма хаза ду иза! Цуьнан духар дешица кечдина ду
15Тир яьккхина духар тӀехь а долуш,
иза паччахьна хьалха юьгу.
Нускална юххебовлу йоӀарий а
цунна тӀе балабо.
16Самукъадаларца а, баккхийберца а
паччахьан цӀа чу бовлу уьш.
17Хьан дайн метта хьан кӀентий дӀахӀуьттур бу, ва паччахь.
Дерриг а лаьтта тӀехь, элий а бина, дӀахӀиттор бу ахьа уьш.
18Массо а тӀейогӀучу тӀаьхьенашкахь хьан цӀе аса дагаоьхуьйтур ю.
Цундела халкъаша абаденналц хьан сий дийр ду.
Copyright information for
CheCAC2012