‏ Psalms 47

Цийон – Делан гӀала

1
Корта 47 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 48.
Йиш. Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2Веза Эла сийлахь ву, хастам бан Иза чӀогӀа хьакъ долуш а ву,
вайн Делан йолчу гӀалахь, Цуьнан безачу лома тӀехь.
3 bЦийон-лам шен локхаллица хаза бу,
дуьненан хазахетар а иза бу.
Цуьнан къилбаседехьа агӀор
сийлахьчу Паччахьан гӀала ю.
4Цуьнан гӀепашкахь волчу Дала
нах ларбийриг Ша хилар гайтина.

5Паччахьаш, цхьаьна а кхетта,
гӀалина тӀелата тӀебахара.
6И дерриг ган а гина, Ӏадий уьш,
боха а боьхна, дӀабевди уьш.
7Кхерамо, бохийна, хьовзий уьш,
берах хьийзош йолу зуда санна,
8доккхачу хӀордкеманашна дуьхьал
малхбалера хьаькхначу дарцо санна.

9Хьалха тхуна Делан гӀуллакхех лаьцна хезна,
ткъа хӀинца уьш ги тхуна тхайн Дела волчу
массо а ницкъийн Везачу Элан гӀалахь.
Дала и гӀала гуттаренна а латтайо.

10Ва Дела, Хьан хедар боцучу безамах лаьцна
ойланаш йо оха, Хьан цӀийнан кертахь лаьтташ.
11Веза Дела, лаьттан йистошка кхаччалц
йоккхуш йолу Хьан цӀе санна бу Хьуна бо хастамаш.
Хьан аьтту куьг ду нийсонах дуьзна.
12Цийонан нехан самукъа а долийла.
Хьан бакъйолу кхелаш бахьанехь
ЯхӀуд-мехкан ярташна хаза а хетийла.

13Цийон-ломана гонах чекх а довлий,
цунна го а баккха, цуьнан бӀаьвнаш ягар а е.
14Цуьнан арахула йолчу чӀагӀонийн тидам бе,
дикка хьажа цунна чохь йолчу гӀепашка,
царах лаьцна дийцархьама хинйолчу тӀаьхьенашка:
15«И Дела абаденналц вайн Дела ву.
Вай делла дӀадовллалц Иза вайн урханча
Урханча – некъ гойтург, хьалхаваьлларг.
ву».
Copyright information for CheCAC2012