‏ Psalms 48

Шайн хьолах тешна Ӏаш болчеран сонталла

1
Корта 48 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 49.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Кхорахьан тӀаьхьенан назма.
2ЛадогӀалаш ас бохучуьнга, массо а халкъаш!
ХӀара тидаме эцалаш, дуьнен чохь дехаш мел долчара:
3кӀезиг долчара а, цӀеяхана долчара а,
къечара санна, хьал долчара а.
4Сан багано хьекъале хӀума эр ду.
Сан деган ойланаш кхетамах юьзна хир ю.
5Сайн лерг хьекъалечу кицанна тӀедерзор ду ас.
Сайн хӀетал-металан маьӀна мерз-пондар лакхарца дӀадоьллур ду ас.

6Стенна кхера веза со сайн де доьхначу деношкахь,
суна тӀаьхьабевллачеран къиноша суна го бинчу хенахь?
7Уьш шайн бахамах тешна Ӏаш а бу,
шайн доккхачу хьолах дозалла деш а бу!
8ХӀуъа дича а, адаме стаг паргӀатваккхалур вац.
Цуьнга оцу стеган дахарх Далла мах балалур бац.
9Адаман дахарх болу мах тӀех боккха бу,
вайга иза цкъа а балалур а бацара,
10адам гуттаренна дехаш хилийтархьама а,
вахкавалар гар цуьнан ца хилийтархьама а

11ХӀоранна а го хьекъалалла дерш леш хилар.
Иштта леш хуьлу кхетам боцурш а, сонтанаш а.
Цара массара а шайн бахам шайн тӀаьхьенна буьту.
12Къуббанаш ду церан цӀенош гуттаренна а,
и хӀусамаш тӀаьхьенашкара тӀаьхьенашна юьсур ю церан.
Цара шайн мехкашна шайн цӀераш тохку.
13Амма адам, цуьнан мел доккха хьал делахь а,
гуттаренна а ца дуьсу оцу лаьттахь.
Иза а тарло леш долчу бежанех.

14Иштта хир бу сонталла йолчеран кхоллам а,
цара аьлларг къобалдечарах хиндерг а.
15Уьш, уьстагӀий санна, эхарт чу бухкур бу.
ЖаӀуьно дӀадуьгу жа санна, Ӏожалло дӀаоьцур бу уьш.
Ӏуьйранна Делан лаамехь болчара
церан кешнаш хьошур ду.
Церан куьцаш дӀадевр ду
эхартехь, шайн хӀусамашна геннахь.
16Эхартан олаллех паргӀатдоккхур ду сан са,
Дала билггал кӀелхьарвоккхур ву со.

17Ма хьегалахь, хьал сов а дуьйлуш,
сийлалла лакхадолучу адамах.
18ХӀунда аьлча ша дӀакхелхачу хенахь
цо шеца хӀумма а дӀахьур яц.
Цуьнан сийлалла цунна тӀаьххье дӀагӀур дац.
19Ша вехачу хенахь цо шен синна там берг леладахь а,
цо аьтто баккхарна наха цуьнан сий дахь а,
20цкъа а серло гур йоцуш болчу,
шен беллачу дайх дӀакхетар ву иза.
21Адам хьал долуш делахь а,
цуьнан кхета ницкъ ца кхочу,
леш долчу бежанех тарло иза а.
Copyright information for CheCAC2012