‏ Psalms 5

Ларвар доьху доӀа

1Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хӀара назма шедагашца лакха еза. 2Сан дешнаш дӀахазахьа, Веза Эла,
тергам бехьа сан узарийн.
3ЛадогӀахьа, сан Паччахь волу Дела,
аса доккхучу орцане.
Хьоьга деш ма ду аса сайн доӀанаш.
4Ӏуьйранна Хьуна хьалха сайн дехарш охьадохку ас,
Хьоьгара сайна жоп даре са а туьйсуш.
5Хьо зулам хаза ца хета Дела ма ву.
Харцонаш еш берш Хьо волчохь бехар бац.
6Курачу нахана меттиг яц Хьуна юххехь,
цхьа а зуламхо Хьуна ца веза.
7Харцлуьйраш хӀаллакбо Ахь.
Ца беза Хьуна, Дела, цӀий Ӏенош берш а, мекарлонаш лелораш а.

8Ткъа со, Хьан хедар боцу безам бахьана долуш, Хьан цӀа чу вер ву,
гора а хӀоьттина, Хьан дезачу цӀа чохь Хьох кхоьруш лаьттар ву.
9Ва Веза Эла! Лелавехьа со Хьайн бакъболчу новкъахула,
дуьхьалбевлла мостагӀий сан болу дела.
Нисбехьа Хьайна тӀебоьду сан некъ.
10 aЦара дуьйцург цхьа а бакъ дац!
Церан дегнаш хӀаллакдаран лаамех дуьзна ду,
церан къамкъаргаш дӀаделладелла кешнаш санна ю,
шайн мекарчу маттаца ямартло йо цара.
11Дела, ларахьа уьш бехке!
Шаьш йина харцонаш шайна дуьхьал ерзийла царна.
И харцонаш мел лелораш дӀабахахьа Ахьа, Дела,
Хьайна дуьхьал уьш бовларна.
12Баккхийбеш хир ма бу Ахьа шаьш лардаре сатийсинарш.
Цара даим хазахетарца иллеш лоькхийла.
Ткъа Ахьа ларбехьа уьш.
Хьо везарш самукъане хуьлийла,
Ахьа мел дийриг бахьана долуш.
13Ахь декъалво, Веза Эла, Хьайн лаамехь верг.
Хьан безамо иза, турсо санна, ларво.
Copyright information for CheCAC2012