‏ Psalms 51

Делан кхел а, Делан къинхетам а

1
Корта 51 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 52.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме назма,
2 bэдомхочо ДуагӀа, Дауд Ахьи-Маликан цӀийне веана аьлла, Шауле мотт тоьхначул тӀаьхьа аьлла йолу. 3Айхьа зулам дарх дозаллаш стенна до ахь, нуьцкъала стаг?
Дела массо а ханна тешаме ву.
4Хьан матто хӀаллакьхилар дуьйцу,
ира урс санна бу хьан иза, ямартниг!
5Хьуна вониг дикачул алсам деза,
бакъдолчул а харцдерг алсам дийца лаьа хьуна.
6Зуламе къамелаш деза хьуна, ямарта мотт.

7Дала, хӀаллаквина, дӀавоккхур ву хьо,
цӀа чуьра аракхуссур ву,
дийначийн лаьтта тӀера хьан орам а дӀабоккхур бу.
8Иза а гина, Делан лаамехь берш ларамах буьзна хир бу.
Уьш боьлур бу цунах:
9«Делах шен чӀагӀо а ца еш,
шен доккхачу хьолах а тешна,
зуламаш тӀехь чӀагӀвелла вара и стаг».
10Ткъа со Делан цӀа чохь зазадоккхуш долу зайт-дитт санна ву,
ерриг а тӀейогӀучу ханна Делан хедар боцучу безаме сатесна а ву.
11Ахь динчунна гуттар а Хьуна хастам бийр бу ас.
Хьан цӀарах догйовха хилла, иза хастор ю Хьуна тешамечу нахана хьалха̄.
Copyright information for CheCAC2012