‏ Psalms 52

Адамийн Ӏесалла

(Забур 13)

1
Корта 52 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 53.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехаме йолу хӀара назма «Махьалат» олучу мукъамехь лакха езаш ю.
2 bСонтачара шайн дагахь боху: «Дела вац».
Уьш ма телхина бу, цара лелориг ма дегаза хӀума ду.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац.

3Стигалшкара адамашка
охьахьоьжу Дела,
цхьа а кхетамехь верг а вуй те,
Дела лоьхург а вуй те, Шена гархьама.
4Берриш а нийсачу некъа тӀера дӀабирзина,
уьш массо а талхарх буьзна.
Царах цхьа а диканиг дийриг вац,
ур-атталла цхьаъ-м вац.
5Кхетаме богӀур болуш а бац те
харцонаш лелош мел берш,
шаьш бепиг дууш санна, сан халкъ дӀакхоллурш,
ткъа Деле ца кхойкхурш?

6ЦӀеххьана царна тӀе кхерам тосур бу,
кхераме хӀумма а дацахь а, хӀунда аьлча
хьуна дуьхьалбевллачеран даьӀахкаш Дала дӀасаяржор ю.
Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор бу уьш, Дала уьш дӀатесна дела.
7Исраилан халкъана кӀелхьардовлар
Цийон-лома тӀера догӀур делахьара!
Шен халкъ Дала юхаметтахӀоттийча,
Якъубан халкъан сакъералур дара,
Исраилан халкъан самукъадер дара.
Copyright information for CheCAC2012