‏ Psalms 53

МостагӀех ларваран доӀа

1
Корта 53 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 54.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан хьехам болу назма. Дечиг-пондарца ала езаш ю иза.
2 bЗипахоша, Шаулна тӀе а баьхкина: «Тхо долчохь къайла-м ца ваьлла те Дауд?» – аьллачу хенах лаьцна. 3Ва Дела! Хьайн цӀарца кӀелхьарваккхахьа со,
Хьайн ницкъаца бехказаваккхахьа со.
4Ва Дела! Сан доӀа хазахьа,
сан багара дешнашка ладогӀахьа.
5Хийра нах дуьхьалбевлла суна,
нуьцкъалчара сан са лоьху.
Цу нехан Дела вац.

6Дела сан гӀоьнча ву.
Везачу Эло дог чӀагӀдо сан.
7Сан мостагӀаша дина зулам царна тӀе юхадерзадехьа,
Хьо тешаме хиларна, хӀаллакбехьа уьш.
8Ас леррина сагӀа доккхур ду Хьуна,
Хьан цӀе а хастор ю, Веза Эла,
хӀунда аьлча иза дика ю.
9Ахь кӀелхьарваьккхи со берриг а баланех,
сайн мостагӀашна тӀехь толам баккхар гина сан бӀаьргашна.
Copyright information for CheCAC2012