‏ Psalms 55

Делах дегайовхо хиларх долу доӀа

1
Корта 55 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 56.
bЭшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «Генахь дӀатийна кхокха» олучу мукъамехь ала езаш ю. Гати-гӀалахь ша пӀелаштамхоша дӀалаьцначу хенахь Дауда язйина назма ю иза.
2Къинхетам бехьа сох, Дела!
МостагӀаша эккхийна лелош ву со,
хӀора дийнахь тӀелеташ, цара ницкъ бо суна.
3Сайн кӀесаркӀога чохь церан садеӀар
хаало суна хӀора дийнахь.
Сийлахьниг, дукха бу суна дуьхьалбевлларш!
4Со кхоьручу хенахь
Хьох дегайовхо ю сан.
5Делехь ас хастадо Цуьнан дош,
Делах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру.
ХӀун дийр ду суна гӀорасизчу адамо?
6Денна а мостагӀаша хуьйцу сан дешнаш,
сох йолу церан ойланаш зуламна ю.
7Вовшех а бетталуш, теба а тебаш,
со воьду меттиг ларйо цара,
сан са эцархьама.
8Шаьш лелочу харцонна кӀелхьардовлар хир дуй те царна?
Дела, Хьайн оьгӀазаллица таӀзар дехьа цу нахана.
9Ахь дагардина сан дакъазаваьлла леларан денош.
Сан бӀаьрхиш Хьо волчуьра пхьегӀи чу гулделла,
Хьан тептар тӀехь-м дац те уьш?
10Сан мостагӀий юхабовлу, со Хьоьга кхайкхича,
хӀунда аьлча суна хаьа Дела сайгахьа вуйла.
11Делехь ас хастадо Цуьнан дош,
Везачу Элехь ас хастадо и дош,
12Цунах ю сан дегайовхо, со ца кхоьру.
ХӀун дийр ду суна адамо?
13Хьуна йина чӀагӀонаш кхочушъяр ду суна тӀехь.
Хьуна баркаллин сагӀанаш дохур ду ас.
14Ахь валарх кӀелхьарваьккхи со,
сан когаш совцучуьра ларби,
дахар лучу серлонгахь
Далла хьалха со лелийта.
Copyright information for CheCAC2012