Psalms 56
ГӀо доьхуш дина доӀа
1 ▼▼ Корта 56 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 57.
bЭшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаулах ведда, хьеха чу ша вахча, Дауда язйина назма ю иза. 2Къинхетам бехьа сох, Дела,къинхетам бехьа,
Хьох ю сан дегайовхо.
Хьан тӀома кӀел лечкъар ву со,
сайн бохамаш дӀабовллалц.
3Веза Воккхачу Деле кхойкхур ву со,
Шен Ӏалашо суна лерина кхочушъечу Деле.
4Цо, стигалара гӀо а даийтина, со кӀелхьарвоккхур ву,
со лаца гӀерташ берш юьхьӀаьржачу хӀиттор бу.
Дала Шен безам а, бакъдерг а лур ду.
5Сан са лоьмашна юкъахь ду.
Цергех гоьмукъаш а, пхерчий а дина,
маттех ира тарраш а дина,
Ӏачу адамийн кӀенташна юкъахь Ӏуьллу со.
6Стигалал лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
7Со лаца кечбина гур бара,
гӀайгӀанехь вара со.
Суна хьалха ор даьккхира цара,
амма шаьш цу чу ийгира.
8Сан дог Хьох тешна ду, Дела, Хьох тешна ду иза:
ас, илли а олуш, хастам бийр бу Хьуна.
9ГӀаттахьа, сан сийлалла, гӀаттахьа!
Самабала, мерз-пондар!
ГӀатта, Ӏад хьокху пондар!
Малх самабоккхур бу ас.
10Халкъашна юкъахь, Веза Эла, Хьо ас хастор ву,
Хьох лаьцна нахана хьалха иллеш эр ду.
11Стигала кхаччалц бу Хьан безам,
мархаш тӀе кхаччалц ду Хьан тешаме хилар.
12Стигалел лакха хьалаволийла Хьо, Дела,
дерриг а лаьтта тӀехь Хьан сийлалла лаьттийла!
Copyright information for
CheCAC2012