Psalms 58
Ларвар доьхуш дина доӀа
1 ▼▼ Корта 58 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 59.
bЭшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: «ХӀаллак ма ве со» олучу мукъамехь лакха езаш ю. Шаула Дауд верхьама цуьнан цӀа долчу кӀелховша нах бахийтича, Дауда язйина назма ю иза. 2Сан Дела, мостагӀех со кӀелхьарваккхахьа!Суна дуьхьалбевллачех со ларвехьа.
3Харцо лелочарах со Ӏалашвехьа,
цӀий Ӏанор дезаш болчарах со кӀелхьарваккхахьа.
4Уьш сан синна кӀелхевшина бу.
Ас зулам дина я къа латор бахьана долуш,
гуллуш бац нуьцкъалнаш суна дуьхьал, Веза Эла.
5Сан бехк боццушехь, суна тӀелата дӀагуллуш бу уьш.
Орцах а валий, хьажахьа соьга.
6Массо ницкъийн Веза Дела,
Исраилан халкъан Дела,
самавалахьа дерриг халкъашна дуьхьалвалархьама,
Мекарчарах цхьаннах а къинхетам ма бехьа.
7Суьйранна схьабогӀий,
жӀаьлеш санна, угӀу уьш,
гӀалина гонах а лелаш.
8Харцдерг дуьйцу церан меттанаша.
Тарраш санна, ду уьш.
«Хьанна хезар ду тхо?» – боху цара.
9Амма, Веза Эла, Хьо воьлуш ву царах.
Ахь юьхьӀаьржачу хӀиттор ду дерриг а халкъаш.
10Ва сан Ницкъ, Хьоьга ас кхойкху,
хӀунда аьлча Хьо, Дела, сан гӀап ю.
11Со везаш волу сан Дела суна хьалхавер ву.
Дала со сайн мостагӀашна тӀехула хьоьжуьйтур ву.
12Цкъачунна хӀаллак ма бе уьш, хилларг сан халкъана диц ца далийта.
Хьайн ницкъаца дӀасакхиссинчул тӀаьхьа, эшабе уьш,
Веза Эла, тхо лардеш верг.
13Церан матта тӀера дош баганца латийна къа ду.
Шайн куралла бахьана долуш юьхьӀаьржачу хӀуьттийла уьш,
шаьш дуьйцу неӀалт а, харцдерг а бахьана долуш.
14Хьайн оьгӀазаллица, хӀаллакбай,
дӀабахахьа уьш.
ДӀахоийла царна Якъубан махкана тӀехь Дела вуйла а,
Цуьнан олалла дуьненан йисте кхаччалц дуйла а.
15Суьйранна схьабогӀий,
жӀаьлеш санна, угӀу уьш,
гӀалина гонах а лелаш.
16Юург лоьхуш, кхерста шайна,
меца а долуш, гӀигӀ а деш.
17Хьан ницкъах лаьцна ас иллеш эр ду,
Ӏуьйранна хьалххе дуьйна Хьан къинхетам кхайкхор бу,
хӀунда аьлча суна тӀе хало хӀоьттича,
Хьо сан гӀап а, кӀелхьарволу меттиг а хилла.
18Дела, сан ницкъ!
Хьо хастор ву ас,
хӀунда аьлча Хьо сан гӀап а,
со везаш волу Дела а ма ву.
Copyright information for
CheCAC2012