‏ Psalms 60

Синца чӀагӀвар доьхуш дина доӀа

1
Корта 60 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 61.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: хӀара Даудан назма дечиг-пондаршца ала езаш ю.
2ДӀахазахьа, ва Дела, сан деган тийжам,
бехьа, сан Дела, сан доӀанан тергам.
3Кхайкхам бо ас Хьоьга кху лаьттан йистера
сайн эшначу дагца.
Сол лекха йолчу тарха тӀе а ваккхий,
дӀахӀоттавехьа со хӀинца,
4со къайлавоккхург а Хьо волу дела,
сан мостагӀашна дуьхьал онда бӀов санна а Хьо волу дела.

5Вехийла со даим а Хьан цӀа чохь,
къайлаволийла со Хьан тӀемаш кӀел.
6Сан Веза Эла, ас йина чӀагӀо дӀахезна Хьуна.
Хьох кхоьруш болчарна догӀучу шеретах дакъа суна а делла Ахьа.

7Паччахьан денош Ахь, Веза Эла, дахдехьа,
тӀаьхьенашкара тӀаьхьене шераш а дахдехьа.
8Хуьлийла и Хьоьца массо а ханна.
Ларвойла Ахь иза Хьайн хедар боцучу безамца а, тешаме хиларца а.

9Эр ду ас даим Хьох лаьцна илли,
кхочушъеш даим айса йина чӀагӀо.
Copyright information for CheCAC2012