‏ Psalms 61

Делах тешна Ӏаш хилар

1
Корта 61 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 62.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Ядутуне. Даудан назма.
2Сан синан синтем Делаца бен ца хуьлу.
Сан кӀелхьарвалар Цуьнгара ду.
3Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а.
Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.

4Мел бийр бу те аша стагана ницкъ?
Шу дерриш а иза хӀаллакван гӀерта.
Иза сеттина пен санна ву,
охьаяха гергга йолу йоьхна керт санна ву.
5Иза лаккхара охьатаса дагадеана царна,
харцдерг дуьйцу цара. Багахь иза декъалво,
ткъа дегнаш чохь цунна неӀалташ кхайкхадо цара.

6Сан са, Делера цхьаьнгара леха хьайна синтем!
Сан дегайовхо Иза бен яц.
7Иза цхьаъ ю сан тарх а, сан кӀелхьарвалар а.
Иза ю сан гӀап, со кхин меттахвер вац.
8Сан кӀелхьарвалар Делах дозуш ду,
сан сий а Цунах дозуш ду.
Сан нуьцкъала тарх а Иза ю,
суна дӀалачкъа меттиг а Иза ю.

9Халкъ! Муьлххачу хенахь а Цунах тешна хила.
Шайн дегнаш Цунна хьалха делхаде.
Дела ву вайна дӀалачкъа меттиг.

10КӀезиг берш доӀу са бен бац.
ЦӀеяхна берш хӀумма а доцург бен бац.
Терзанна тӀедехкича, церан барам бац.
Уьш доӀучу синан барамехь бен дац.
11ГӀело еш даьккхинчух тешна а ма Ӏе,
шаьш лачкъийна даьккхинчух дозаллаш а ма де.
Хьал алсамдуьйлуш делахь а,
шайн дегнаш цунна дӀа а ма ло.

12Кест-кеста Дала олура,
ткъа суна иза дукхазза а хезара:
ницкъ а, ва Дела, Хьоьгахь бу,
13 bбезам а, Хьалдолу Эла, Хьан бу.
Ша-ша динчу гӀуллакхашка хьаьжжина,
Хьо хӀоранна а доггӀург дӀалуш ву.
Copyright information for CheCAC2012