‏ Psalms 63

Ларвар доьхуш дина доӀа

1
Корта 63 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 64.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма.
2Ва Дела, ас латкъам бечу хенахь, сан аз дӀахазахьа,
мостагӀчуьнгахьара суна болчу кхерамах сан дахар лардехьа.
3Вониг лелош болчеран ойланех а,
зулам дечеран тобанех а со дӀахьулвехьа.
4Цара шайн меттанаш, тарраш санна, ирдо,
ткъа шайн дешнаш, дӀаьвше пхерчий санна, тӀекхуьссу.
5Шайн кӀелонера цара и пхерчий бехке воцчунна тӀе кхуьссу.
ХӀуманах а ца кхоьруш, цара цӀеххьана цунна тӀе уьш кхуьссу.
6Шайн зуламечу ойланашкахь цара вовшийн чӀагӀбо.
«Иза-м хьанна гур бара?» – бохуш,
шаьш кечбина гур къайлабаккха цара барт бо.
7Мекара ойланаш а еш, цара олу:
«Говза хьесап дина оха».
Адаман кийрахь а, дага чохь а дерг къайлаха ма ду!

8Амма Дала царна тӀе пхерчий кхуьссу.
Уьш цӀеххьана дӀа а лоцур бу.
9Цара шайн меттанашца шаьш хӀаллакбийр бу.
Уьш гуш мел волчо кхардамца кортош лестор ду.
10Массо а адам кхералур ду,
цара Делан гӀуллакх кхайкхор ду,
Цо динчух лаьцна ойланаш йийр ю.
11Делан лаамехь верг самукъадаьлла хир ву,
ша Везачу Элаца цхьаьна хиларна.
Цо Везачу Эле ша ларвойтур ву.
ДогцӀена болчу массара а Цунна хастамаш бийр бу.
Copyright information for CheCAC2012