‏ Psalms 64

Хастам бар а, баркалла алар а

1
Корта 64 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 65.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: Даудан назма. Йиш.
2Цийон-ломахь Хьуна хастам бан хьакъ ма ду, Дела,
Хьуна дина нигаташ кхочушдина хир ма ду.
3Тхан доӀанаш Хьуна дӀахеза.
Муьлхха а адам Хьуна тӀе догӀу.
4Къилахь долчу гӀуллакхаша гӀелвина со,
ткъа Ахь тхан зуламашна гечдо.
5Декъала ву Ахь хаьржинарг,
Хьайн керташкахь Ӏайта Хьайна тӀеозийнарг!
Тхо Ӏаьбна хир ду Хьан цӀийнан диканах,
Хьо Ӏаш йолчу меттиган еза хиларх дузур ду тхо.

6Тхо кӀелхьардохург волу Дела, Хьо жоп луш ву тхуна
ларамах дузуьйтуш долчу паргӀатдахаран гӀуллакхаш дарца.
Лаьттан массо а маьӀӀехь болчеран а,
генарчу хӀордашца болчеран а сатуьйсийла а Хьо ву.
7Хьайн ницкъаца Ахь лаьмнаш дӀахӀиттадо,
Хьайн гӀодаюккъехь гӀора а Ахь латтадо.
8ХӀордийн а, церан тулгӀенийн гӀовгӀа а,
халкъийн карзахдалар а дӀасацош верг а Хьо ву.
9Лаьттан йистошкахь бехаш берш
Хьан тамашийнчу билгалонашка
ларамах буьзна бу.
Малхбалехь а, малхбузехь а бехаш болчаьрга
Хьайна хастамаш бойту Ахьа.

10Ахь латта Ӏалаш а до, цунна хи а латтадо,
иза токхе а хуьлуьйту Ахь,
тӀехъюьзна йолу хин Ӏовраш а луш.
Ахь адамашна ялта кхуьуьйту,
Айхьа латта оцу гӀуллакхна кхоьллина дела.
11Ахь лаьттан хершнаш хих а дузу,
гӀорзанаш дӀа а шарйо,
догӀанан тӀадамашца латта кӀад а до,
цу тӀехь мел яьлла хӀума декъал а йо.
12Ахь шарна а, коьрта тӀе таж санна, беркат кховдадо,
Хьан лараш а токхонах юьзна ю.
13Ахь яьссачу аренашкахь дежийлаш а ло,
гунаш хазахетарх а дузу.
14Сийначу дежийлашкахь жаш ду дежаш.
ТогӀешкахь ялта ду кхуьуш,
даккхийдерца эшарш а лоькхуш.
Copyright information for CheCAC2012