b Арадаккхар 14:21; ЮшаӀ 3:14-17.
Psalms 65
Хастаман а, баркаллин а йиш
1 ▼▼ Корта 65 (Грекийн) – Ӏебархойн меттан тептар тӀехь: 66.
Эшарш локхучу тобанан куьйгалхочуьнга: назма. Аз айдина кхайкхалахь Деле, дерриг а дуьне.2Цуьнан цӀеран сийлаллина йиш лакха,
Цуьнан сийдеш, Цунна хастамаш бе.
3Ала Деле: «Айхьа дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду!
Хьан алссам болу ницкъ бахьанехь
Хьан мостагӀий а Хьуна хьалха текха.
4Хьуна хьалха дерриг дуьне а охьатаьӀа,
цо Хьуна эшарш а лоькху.
Хьан цӀарна эшарш лоькху цо!»
5Схьа а дуьйлий, хьовсийша, Дала дечу гӀуллакхашка.
Адамийн дуьхьа Цо дийриг мел ларамах дузуьйтуш ду.
6 bЦо хӀорд а лакъийра,
латта декъа а хилийтира.
Тхан дай, Йордан-хи а лекъна,
декъачу лаьтта тӀехула гӀаш дехьабевлира.
Цигахь Цунна даккхийдеш хуьлийла тхо!
7Шен нуьцкъалаллица Цо гуттара а олалла до.
Цуьнан бӀаьргаш халкъашна тӀедерзийна ду.
Аьрха нах Цунна дуьхьал ма гӀовттийла!
8Халкъаш, аша вайн Далла хастам бе,
Цунна бечу хастаман аз дӀахозийла.
9Цо вайн синош а дийна дитина,
вайн когаш а бега ца байтина.
10Веза Дела, Ахь зийна тхо,
цӀергахь лала а деш, цӀандо дети санна,
цӀан ма дина Ахь тхо.
11Ахь тхо гуре лацийтира,
тхан ги деза маххьаш дехкира.
12Ахь тхан кортош тӀехула мостагӀа ластавайтира.
ЦӀерах а, хих а тхо чекхдевлира,
ткъа Ахь тхо маьршачу метте арадехира.
13Дийнаташ дагоран сагӀанаш дахьаш, со Хьан цӀийнан керта вер ву,
Хьуна айса дина нигаташ а ас кхочушдийр ду.
14И нигаташ ас дина, со холчу хӀоьттича,
сан багара уьш девлира, со вистхилча.
15Хьуна сагӀина ас дерстина дийнаташ дахьар ду,
койн мохь а ягор ю.
СагӀина ас стерчий а, бежалой а яхьар ю.
16Схьа а дуьйлий, ладогӀийша, Далла хьалха ларамах дуьзначу массара а,
Цо сан дуьхьа мел динарг дуьйцур ду ас шуна.
17Сайн багахула кхайкхира со Цуьнга,
сайн маттаца лакхаваьккхира ас Иза.
18Сайн даг чохь ас къа латтийнехьара,
Хьалдолчу Элана со дӀахезар вацара.
19Ткъа Далла со дӀахезира,
сан доӀан озан Цо тидам бира.
20Хастам бу сан доӀа дӀа ца теттина волчу а,
Шен безам сох дӀа ца къастийна волчу а Далла.
Copyright information for
CheCAC2012